хилахь, кхалхоран гӏуллакх йукъахдер ду, ткъа иза шун правительствона лаъане а цалуург ду. Цундела ахь, кхузахь хӏоьттина хьал дуьйцуш, Тифлисе хаамбе, цигара хьуна жоп кхаччалц ас нохчий оцу меттигашкахь сецор бу.
– Хьан локхалла, хьуна луу жоп Тифлисера кхачарга догдохуьйла а йац, – дуьхьало йан гӏоьртира Зеленый. – Нусрет-пашица сайн хиллачу къамелан хьокъехь ас цига хаам бина. Цигара сайна керла инструкци кхачале а хаьа суна, нохчашна къастийначу меттигашна йукъара Ванан пашалык, Муш, Битлис а дӏайолийла. Цул а и нах царна билгалбинчу махка тӏе дӏабахийтахьа. Хаа ду хьуна, схьакхаьч-кхаьчна партеш вай дӏа ца тарйахь, и пхи эзар доьзал цхьанхьа гуллахь, уьш дӏатарбан хала хилла ца ӏаш, ницкъ а кхочур бац вайн. Ткъа царна даа рицкъа а, чубаха хӏусамаш а оьшу. Хьан бийр бу церан гӏайгӏа? Нагахь царна йукъа ун даржахь йа мацалла уьш бала болахь, хьаьнга хӏун далур ду?
Кундуховс жоп сиха ца делира.
– Нагахь Мушаний, Битлисаний гонаха нохчашна тоъал латта хилахь, уьш Ване ца хьовсо гӏоьртар ву со, – элира цо, дикка ойла а йина. – Ткъа Карпутах дерг аьлча, цига цхьакӏеззиг нах бен бохуьйтийла дац.
Оцу тӏехь чекхделира цуьнан Кундуховца къамел. Цунах хиира Зеленыйна нохчий Диарбекирехьа цабохуьйтург инарла Кундухов вуйла. Мухха делахь а, цхьана ӏалашонца уьш цхьана гулахь, Россин дозанашна гергахьа сецо гӏертара иза. Хӏетахь дуьйна ши бутт баьлла. Амма нохчий дӏатарбаран гӏуллакх ша долччохь лаьтта. Александр Семенович кхийринарг хилира цунах. Россера схьайаьхкинчу кхелхачийн ткъе бархӏ партех бархӏ Эрзерумехь, ткъа парти Мушана уллохь, Мурат-чайн тогӏехь, севцира. Шайн политически ӏалашонаш кхочушйар лоьхучу туркойн ӏедало, уьш цигара дӏа малхбалехьа ца кхалхо гӏерташ, дукха мекарлонаш лелийра. Йуьхьанца ӏедало сецийра уьш Диарбекирал, Эрзинджанал дехьа кхалхор, ткъа хӏинца нохчий шаьш дуьхьалбевлла цига кхалхарна.
Александр Семенович дика кхетара туркойн политикех. Царна лаьара, и кавказски лаьмнийн уггар ира герз шайн буйна а лаьцна, Россиний, шайн империн чоьхьарчу къаьмнашний дуьхьал дерзо гӏертийла. Чергазий оцу некъахь хӏинцале а гоьбевлла. Иштта нохчех чаьлтачийн