тетта доьлча, шайн гӏиллакхашца, амалшца, динца ца догӏу вайн ӏедал, гӏуллакхаш шайна тӏетеӏо доьлча, кхин хӏун дийр ду а ца хиъна, махкахбевлла уьш. Бевлла аьлча а, вай нуьцкъала баьхна-кх. Цигахь бӏарзбелла, шаьш хӏун дийр ду а ца хиъна, схьабаьхкина-кх. Кхузахь хуьлуш дерг гуш ду-кх хьуна. Мацаллой, махкаллой, цамгарший хьоькхуш, кхачош бу. Муха ца лозу царах дог? Бераш, зударий… Александр Семенич, хьуна ма хаьа вайн ӏедалан бехкенна уьш хӏаллакьхуьлийла. Мел вайна ца лаахь а, правительствос дина дика а, вон а оьрсийн халкъана тӏе ма догӏу. Оцу нохчашка ӏазап хӏоттийначийн декъехь церан гӏоьнча ма ву вайша. Ваьшшиннан бертаза, Александр Семенич…
Зеленыйс леррина ладоьгӏура шен денщико бехкевеш дечу къамеле. Шен нийсачу букъа тӏехьа ши куьг диллина, кегийра гӏулчаш йохуш, меллаша чухула дӏаса а лелаш. Стоьла уллохула дӏа салтичунна тӏе а – йалх гӏулч, йуханехьа а – йалх гӏулч. Ткъа Чеботаревс, ша йукъахваккхарна кхоьруш санна, са ца доӏуш, ӏаннийна дӏадахийтира шен дагахь дерг. Ша дуьйцуш лаьтташехь цо леррина тергалйора штабс-капитанан горга йуьхь. Цхьа халла хаалуш таьӏана мара, сийна бӏаьргаш, хьаьрса корта, доцца хьовзийна мекхаш. Хӏетта ткъе итт шо кхочуш, ӏаламат безамехь эпсар вара иза. Биъ бутт гергга хан йара Чеботарев цуьнца волу, оцу йоццачу хенахь цунна чӏогӏа везавеллера Зеленый. Дуьххьара бӏаьрг ма-кхийтти хиира цунна шен керла эпсар догцӏена, къинхетаме стаг хилар. Хенан йохалла цуьнан леларехь, къамелехь, цо наггахь кхуссучу дешнашца хиира паччахьан правительствос лелочу политикина иза резавацар, мелла велахь, иза «шайн» стаг хилар. И тешам бара Ефрем Анисимовиче иштта эвхьаза и къамел дойтург.
Салтичун йуьхь-дуьхьал ца хьожуш, ши бӏаьрг цӏенкъа а боьгӏна, дӏасалелара Зеленый. Цуьнан багах долу хӏор а дош, шед санна, букъах, бетах детталора цунна, шаьлта санна, дагах чекхдуьйлура. Хӏаъ, бакълоь и къена салти. Лаахь а, ца лаахь а, и шиъ декъашхо ву оьрсийн правительствон чоьхьарчу а, арахьарчу а къизачу политикин. Венгре интервенци йарна, польски гӏаттам хьашарна, Къилбаседа Кавказера дуккха а аборигенаш тӏаьххьарчу стаган тӏе хӏотталц