тхуна а хаьий, – кӏеда-мерза элира Маккхала. – Хӏара тхан дехар цига дӏадахьийтахьа, господин эпсар. Тхоьгара къа-бала хиъча, тхуна орцах бевр бара-кх уьш.
Капитан гӏайгӏане велавелира:
– Шуьгахь долу хьал ма дика хаьа-кх цигахь. Шозза йаздина ас цамгарший, мацаллой шу хьоькхуш хилар, туркоша къастийначу махка тӏе ховшадахь, шо далале шу делла дӏадевриг хилар.
– Хӏун боху цара?
– Шу схьадохкуьйтуш шина паччахьна йуккъехь хилла барт бу, шуна мохк Диарбекарний, Эрзинжанний дехьара билгалбеш. Шина паччахьан хилла барт, цаьршиммо вовшашна делла дош дохо йиш йац, боху.
– Со ца теша цунах, – корта хьовзийра дуьххьара вистхиллачу Аьрзус. – Ишттаниг хила йиш йац. Дош духура бохуш, сила долу адам хӏаллак муха дийр ду? Хӏан-хӏа, эпсар, туркоший, аший билгалйинчу оцу меттиге дӏа ца кхелхаш, бала сацамбина наха. Йа Мушаний, Ванний шахьаршна гонаха дита тхо, йа цӏехьа гӏур ду тхо. Шиннах цхьаъ. И тхан дехар Тифлисерчу оцу сардале дӏадахьийта. Дала тхох къинхетамбар даг чу тосур дац-те цунна.
Дукха къахьегна, кӏадвелла хӏоьттича санна, везза кресло чу охьа а хиъна, пӏелгийн йуьхьигашца стоьла тӏехь йайн вота туьйхира капитано. Тӏаккха, стоьла тӏехь ӏуьллу нохчийн дехаран кехат схьа а эцна, вехха цуьнга хьийжира.
– Доттагӏий, – элира цо, доккха са а даьккхина, – кхузахь мел дукха дийцарх, ваьштадогӏур доцу гӏуллакх дуьйцуш, эрна хан йойъу вай. Йуха а боху ас, шуьгарчу бохаман дакъа кхаьчна соьга, шух дог лозу сан, амма шуна гӏо дан ницкъ бац. Ас дича ден дерг, сан ницкъ кхочу дерг шун букъа тӏехьа къайлаха лелочу, хуьлуш долчу гӏуллакхех шу кхиор ду. Амма иза ас шуьга дуьйцур ду, дийца сайн бакъо йоццушехь. Шух доглазарна, шуна гӏо дан со гӏорасиз хиларна, шун бихкина бӏаьргаш айса дӏабаьстича мукъана шайна некъ лаха шуна атта хиларга догдохуш. Хӏетте а ӏадӏийр вара со, шуьшиннах со ца тешахьара. Цундела дуьйцу ас. Хӏара шун дехар, шуна лаарна, ас наместнике дӏа-м дохьуьйтур ду, амма кхунах хила гӏоли йац. Тхан правительствос шу йуханехьа цӏа доьрзуьйтур ду бохург хьехочохь а дац шуна. Цуьнга дог ма даха. Аш шайна мохк боьхучу Мушаний, Ванний гонаха шаьш дитарга дог а ма дахалаш. Цкъа-делахь, тхан ӏедало