Хӏай Дела, хьайн олхазаршна
Ахь цхьацца бен белла.
Ткъа сан бен бохийна,
Дегӏера ницкъ эшна,
Бодашкахь тилавелла
Со цхьаъ ву – мухӏажар,
Гӏорасиз лелаш,
Гӏорасиз лелаш…
О. Туманян. Мухӏажаран илли
Даккхийра делха доьллачу догӏано, йуьхьанца кӏеда татанаш лоьлхуйтуш, чан гӏаттийра туьпахь. Тӏаккха къега дуьйлира, цхьаццанхьа ӏаьмнаш хӏиттош, тӏехула агӏорхьара басара охьауьду ӏоврийн татолгаш, наха ишттачу меттигна дуьхьалонашна хьалххе даьхначу хершнаш чу а хьийзаш, лаха мел девли, стамлуш, десташ, даккхийчу хишка а доьрзуш, Мурат-чайх дӏадетталора.
Амма оцу догӏанна дуьхьало ца йалора туьпарчу хӏусамашка. Уггар дикачех лоруш йолчу Мӏаьчиган тоьланан тховх а, цецах санна, чекхдуьйлура иза. Йуьхьанца йукъ-йукъа ладарш гучудевлча, царна кӏел пхьегӏаш хӏитто вуьйлира Мӏаьчиг. Жимма ӏийна, массо маьӏӏехула уьш тӏеӏена доьлча, пхьегӏех дог а диллина, куьйга корта а лаьцна, ойлане ваьлла охьахиира иза.
Тоьли чохь, когаш къилбехьа а болуш, тишачу йургӏи кӏел аркъал ӏуьллура цхьа сахьт хьалха кхелхина Зару. Цомгаш-м йара иза, амма йаллал кӏелйисина йацара. Нана а, шел кегий бераш а делчахьана, дено-дено худалуш, мажлуш, йеккъа цхьа даьӏахкаш бен ца йисинера иза.
Миччахьара а шайн карайеана кхалла хӏума цунна кхоайой йуьтура дас а, вашас а. Амма цо ца йуура. Хьистича а, бехкаш даьхча а, човхийча а. Атталла дуьхьал йист а хуьлурий ткъа? Гонаш ӏаржйелла, кӏоргге хьех чуэгначу, чохь садоцуш санна кхоьлинчу жугӏар бӏаьргех къорра хиш лешара, мерах седа оллалора, кхуьйсу левси санна, хьазхьизе ийъалора дакъаделла некхау.
Коьра Сайдуллагӏарна тӏаьхьавоьдучу дийнахь тӏаьххьара йист а хилла, йилхина дӏатийна иза, мотт сецча санна, кхин багара дош ца долуш, селхана охьа а йижина, тховса дӏайели.
Истанган маьӏигаш лаьцна, дакъа цхьана агӏор такхийна, цӏенкъа йуккъе хьардех а, тӏелхигех а мотт тобина, шен болу-боцчу ницкъаца айъина, хьалха – лакхе, тӏаккха – лахе йоккхуш, йоьӏан дакъа оцу тӏе а даьккхина, тӏе верта а тесна, дӏахьулдира цо. Тӏаккха, цунна кӏел хи ца хӏоттийта, дагарца гонаха даьккхина харш неӏарх аратесира.
Дакъа догӏанах дӏа а