адам хила йиш йацара. Ӏаж санна, цӏен бос беттало йелайелла, йекхайелла кӏайн йуьхь, цхьа а тайпа шалхо йоцуш кӏорга, хьанала бӏаьргаш, партала, амма зоьртала догӏмаш. Царах ца тешийла, уьш ца безийла, цаьрца гергарло, доттагӏалла ца леладойла дацара.
Амма, цхьа хӏу ийна йа къотӏалгӏа йина оьрсийн цӏарца лелачу хӏуманел къизий, эхь доцушший, йамарттий адамаш ца нислора. Шайн дайшкахь дуьйна и ший а зеделлера нохчашна. Ткъа гуьржий, шайн мотт кхин белахь а, лаамехь а, лаамза а оьрсийн паччахьехьа бевлла, шайх летахь а, цхьа вежарий лорура цара. Кхузахь кхин хьал ду. Кхузара эрмалой а, гуьржий а тера а бац дозанал дехьарчех. Дика адамаш-м, дера, ду уьш. Амма кхузара адамаш туркойн бӏешерийн ӏазапо теӏийна, кхерийна, шайн лаам байна, лолле дирзина. Хӏокхарна дош ца хета цхьаъ дийцар, кхин дар. Хӏораннан бӏаьргаш чохь йа мекарло, йа дуьненах догдиллар, йа муьтӏахьалла го.
Хӏаъ, Васала цуьнга ала-м элира, маршой, нийсой лоьхуш, йиша-ваша а, халкъ а дитина, ша цкъа даймахках ваьлла, ткъа и харцой, къизаллий шена тӏаьххье кху лаьмнашка йеана. Маршо а, нийсо а лаьтта тӏехь йоцуш йу, цӏахь ӏехьа, Мӏаьчиг, ма бехира цо. Амма Мӏаьчига ла ца дуьйгӏира цуьнга. Ла ца дуьйгӏира Маккхале, Аьрзуга. Ла ца дуьйгӏира зудчуьнга, берашка. Диъ лаьттах доьллина, пхоьалгӏаниг делла ӏуьллу. Коьрех хилларг хаац. Мӏаьчигна иза гучуьра дӏадаьлла.
Йатӏа санна, къекъара стигал. Стигалахь ткъес тоьхча, бӏаьрнегӏар тухучу йукъана серладолура дуьне. Дато серий санна, охьадоьлхура догӏа. Амма Мӏаьчигна хӏумма а ца гора, хӏумма а ца хезара. Шен кочах чу, букъа тӏехула а ӏийдало ладар ца хаалора. Ткъес масазза туху цунна хьалхахӏуьттура Зазун а, шен йалх беран а гӏаларташ. Церан озий, можий йаххьаш, чӏораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, настарш, пӏендарш. Севсина, чуэгна геш, букъа тӏе хийшина пханарш, хеда йохку вортанаш, баккхий кортош. И бахьана долуш хӏаллакьхилла бераш…
Мӏаьчиг воьлхура. Шовзткъа шарахь ша, къурдаш деш, кийрахь сецийна бала кхидӏа сецо собар ца хилла, арахийцира цо.
Мӏаьчиг воьлхура. Шина а куьйга корта а лаьцна, зуькарлахь санна, шовкъе дегӏ техкош.
Цхьа а тайпа гӏовгӏа, узам боцуш. Кийрахь…