хьовса деза? Ӏожалла ма йу когаш кӏел.
Маккхала куьг ластийра.
– Вай девзачарна хаьа, Аьрзу, цхьаннан мӏара ца лазийта, вукху кхааммо синош дӏалур дуйла. Вайн дегнаш гуш Дела а ву. Уьш дуьтур вай. Амма, хӏорш дӏа а тийсина, дӏадаха а йа дӏабоьлхучарна тӏаьхьасовца а бакъо йац вайн. Йа Далла гергахь а, йа нахана гергахь а. Тӏехула тӏе, Аьрзу, хьуна дицделла ткъа вайша къоман, мехкан гӏуллакх айъина араваьлла хилар? Гӏуллакх къоманий, махканий тӏехӏоьттича, ша а, йиша-ваша а, йурт а тӏаьхьататта йеза.
Оьгӏазваханчу Аьрзун вехьар, лагӏлуш, сецира. Цкъа-делахь, Маккхал вер вац ша аьллачунна тӏера. Шолгӏа-делахь, иза бакъ ву. Тӏетан дийзира цуьнан.
– Амма, ахь ма-аллара, ӏожалла йу, бага а гӏаттийна, тӏаьхьахӏоьттина лелаш, – Аьрзун дуьхьало малйаларх пайда а эцна, кхидӏа къамел дора Маккхала. – Йа шуна, йа суна цхьаъ хир. Хьалха мила лер а, тӏаьхьа мила вуьсур а хаац. Нанас дена дина йиша-ваша дацара сан. Шичой а бацара. Уьш белла, цхьа висча, ден доттагӏчо дола деш кхиийра. Амма вина йурт, йуьртахой, и сайн верасаш битина, Аьрзу, хьуна тӏетевжира со.
Берахь горга бо хилла ша цхьалха висар дагадарна дара а хаац, йа доттагӏчух къаста дезаран хало хӏинцале кийра хьаьвзинера а хаац, Маккхалан аз дегийра. Цхьана минотана соцунгӏа а хилла, йуха а, хьалха санна, парггӏат вистхилира иза.
– Суна дика ваша хилла хьо, Аьрзу. Суна дика вежарий хилла шу, ӏела, Чора. Гатийуьртахоша дика дола а дина сан. Нанас дена бина вежарий беллачу дийнахь хилларг хаа, бохаман къахьо ӏовша кхетам боцуш, жима вара со. Иза атта лайна ас. Амма, Аьрзу, шу кхаанна, къаьсттина хьуна, хӏума хилахь, Дала цхьа собар ца лахь, сатоха хала хир ду суна… Уьш дийца оьшуш дац… Дела ву вайн дегнаш гуш. Цундела уггар хьалха вовшашна къинтӏера девр ду вай. Денна, хӏор а сохьтехь, хӏор а минотехь шуьгара там, хазахетар бен, цкъа а цатам ца хилла суна. Со санна, и вай кхоьллина Дела а реза хуьлда шуна.
Аьрзу шеквелира Маккхала биначу сацамах. Кхузахь сацар кхерамаза хилча, и хабар хӏунда дуьйцу цо?
– Да-нана берашна, бераш дена-нанна, йиша-ваша вовшашна санна, Дела къинтӏера волийла вайна. Хьо лахь, вешех довлу тхо. Хьо висахь, дика ваша ву тхан. Амма