боьхначу цара цхьанаметтехь ши де текхира. Шолгӏачу дийнахь цигара гена довлале, некъахошна хезира шайна тӏаьхьадогӏу говрийн тата. Уьш йухахьовса а кхиале, царна гобира марсадаьхначу дойшкахь тӏекхиъначу дошлойн отрядо.
– Йухадерза! – шед лестош, мохь хьоькхура тӏекхиъначийн коьртехь волчу ӏаьржачу эпсаро.
Шодмаш а уьйъуш, зударшний, берашний тӏе говраш туьйсура дошлоша.
Наха, сиха кочара схьаэцна, тоьпаш дошлошна тӏелецира. Зударийн карахь къегира, гӏалакхаш санна, шуьйра, йеха шаьлтанаш.
– Герз ма хьеде! – мохь туьйхира Аьрзус.
Цунна ца лаьара цӏий ӏано. Хӏара йанне а дов хьеден меттиг йацара.
Уьш тоьлур ма бац туркойн пачхьалкхан эскарал. Ӏедало даржийначу эладитанаша кхузахь дерриг бохург санна адам кхелхина баьхкинчу ламанхошна дуьхьал даьккхина. Къаьсттина гӏертара туркойн ӏедал бухарчу гуьржашний, эрмалошний, тӏебаьхкинчу ламанхошний йуккъе мостагӏалла дожо. Ткъа балла бохкучу хӏокху пекъаршна ца оьшу цхьаьнцце а дов. Шайн новкъа къилбаседехьа дӏадаха шаьш дитичхьана, церан цхьаьнцце а ӏоттбаккхам бац. Амма туркойн дошлойн оьгӏазечу йаххьаш тӏехь гуш бац къинхетаман хьаса. Ванах, лата деза-те? Ванах, кхин даймохк ца гуш, кхузахь дала деза-те? Ӏелина гира, зӏок санна, хьаьвзина мара а болуш, йоккха бага а йолуш волчу озачу туркочо цхьана зудчун букъах шед тухуш а, зудчунна тӏехьа лаьттачу жимачу стага дошлочунна топ йожош а, уллорчу Аьрзус, кӏел куьг а тоьхна, тоьпан йуьхьиг хьалатосуш а… Ирхйаьллачу тоьпан тата, шалхадолуш, ламанца кхерстина дижа а кхиале, гучувелира кхин а цхьа бере. Цо тоьхначу маьхьаро йухабехира туркой. Дукха хан йалале гучуйелира чаболахь новкъа догӏучу коьртачу эскаран йуьхь. Хьалха сирачу динахь вогӏура зоьрталчу дегӏахь чӏогӏа тамехь паша. Туркойха вухавелла и велахь а, бӏаьрг ма-кхийтти хаьара иза кавказан ламанхо вуйла.
– Ассалам ӏалайкум! Мила ву шун коьртаниг? – шена суждана эгна туркойн дошлой тергал а ца беш, нохчийн маттахь хаттар дира цо цецбевлла лаьттачу нахе.
– Со ву, – хьалхавелира Аьрзу.
Паша леррина хьоьжура Аьрзуга.
– Вовзац хьуна со, Алхазан Муса?
Шен цӏе йаьккхича, цецваьллачу Кундуховс когашкара коьрте,