дехьий, гӏалгӏазкхашна йукъий бекъа, шун махка керла станицаш йахка…
– Тхуна хаьара иза.
– Шу цигара бертахь дӏадевр дацара. Ӏедало шу дуьтур дацара. Кийчча тӏом бара иза. Суна шера ма хаьа хьо хӏунда веана. Оьрсийн ӏедална дуьхьал аш кечбечу керлачу гӏаттаман тхьамданаша тӏедилларца, туркошка шайна гӏо деха, цхьабарт бан веана хьой, Маккхаллий кхуза. Амма оьрсашца и керла тӏом чекхбер бара шух нийсса ах хӏаллакбеш, бисинарш махках а бохуш. Цул а суна бакъахьа хийтира, шуна йукъара цхьа масех эзар доьзал бусалба Турце а кхалхийна, бисинарш маьрша бахийтар…
– Тхох къахеташ лелла-кх хьо?
– Дела ву-кх сан дог гуш.
– Харц лоь хьо, Алхазан Муса. Харц лийча, эхь ду къонахчунна. Дӏадаханчу ӏай хьо волчу а веана, ас а, Макхалла а элира хьоьга, Хонкара кхалхар къобалдеш хабарш ма дийцахьара ахь хьайна тӏебаьхкинчаьрца, цигахь Дала делла бохуш, тхан нахана йукъа эладитанаш а ма даржадахьара ахь. Цига бахча нах, шайл хьалха бахана эдагой санна, хӏаллакьхир бу, лахь, – шайн лаьтта тӏехь лер уьш, и нах ӏадбитахьара ахь. Бехирий?
– Бехира.
– Хӏунда дира ахь хӏара?
– Бахьана ас дийцина хьоьга.
– Харц ву хьо, Алхазан Муса. Къайлаха цхьа ӏалашо хилла хьан. Кхузахь туркошца йа дӏогахь оьрсашца бина барт бу хьан. Ца хилча, берриг хьан бахам безачу мехах дӏа а эцна, цара хьо схьа а хоьцур вацара, кхуза схьа ма-кхеччи, туркоша хьуна пашин чин а лур дацара!
– Хӏаъ, сан барт бара шина а агӏонца. Шун дуьхьа, шу хӏаллак ца хилийта.
– Муха керча хьан мотт, Муса?! Нохчийчоь а, Дегӏаста а дӏалаьцча, цигахь тӏом чекхбаьлча, кхидӏа хьо ца оьшура оьрсийн паччахьна. Хьо мел дукха вахарх, чинехь кхин лакхаваларе догдохийла йацара хьан. Тӏехула тӏе, оьрсийн ӏедало мукъа бохура, Муса-эла, шун йалхой а. Цигахь хьайн гӏуллакх галдала доллийла хиъна, хьо, кхузахь иза тодан, нохчий а эцна, схьавеана. Тхан нехан цӏий ӏенош, цигахь инарлин чине кхечира хьо, и ца тоуьйтуш, кхуза а далийна, йуха а цкъа тхо хӏаллакдарца паша хили хьох. Хьан дагахь кхин а дикка хӏуманаш ду, амма кхин тхо ӏехалур дац. Бойсагӏар имам ваьллачу шарахь айхьа хӏаллакдинчул иттаза сов адам хӏаллакди ахь, кхузахьа схьа а далийна. Махках а даьккхина, мацалла, къиза. Хьан