къайлавала. Амма уьш ший а дойла йацара. Цергаш а таӏийна, цо сатуьйхира назма чекхйаллалц.
– Аьрзу, нехан неӏалтал доккха таӏзар дац стагана. Суна хаьа, шун тӏаьхьено сайна и кхайкхор дуйла. Шун мехкаш дӏалоьцуш дакъалаьцна со а, дисина адамаш а замано шен кхелана гӏовттийна хилла. Кхин хӏумма а дац. Йуха а боху ас, сох, со санначу иттех, бӏе стагах новкъа дала а, кӏелдиса а хӏума дац. Тхо ца хиллехь, кхин хир бара. Со вина мохк ца безаш ца веана со кхуза. Шу-м цӏа дерза а мега. Доьрзур а ду, Дала мукъалахь. Амма суна иза йуха гур бац. Сой, Сайдуллий, кхин а масех стаг йуха Россе вуьтур вац паччахьо. Дерриг дуьйцур дац ас. Цунна хан дукха йеза. Амма сайн цхьа къайле хьуна йийца лаьа. Диъ шо хьалха бенойн хьуьнхахь шаьш сайх ас хӏунда тешийра бохучу хьан хаттарна жоп хир ду хӏара. Оьрсийн паччахьна тхаьш гӏуллакх деш делахь а, оьшуш дуьненан даьхний дацахь а, тхо цхьадолчаьрга ца лалора вайн халкъашна тӏехь цара латто къизалла, цара вайн сийсаздар, эхь ца хеташ талор. Цундела оха, цхьана пхеа стага, барт бира оьрсийн олалла вайн махкара дӏадаккха. Уьш пхиъ: сой, ӏуспин Сайдуллий, Цугин ӏелахий, Уцмин Мусий, Атажукинний вара. Тхан ӏалашо кхочушйан боккха ницкъ оьшура. Ткъа цунна хан йезара. Амма оха хьалхара гӏулч тоссушехь дуьйхира дерриг а: Атажук-эло мотт бира тхуна. Эла Уцмин Муса Россех кхалхийра. Ткъа тхо висина кхоъ лацаза висира. Со цецвуьйлура цу балхах. Суна ма хаьара, бартан коьртехь со ву аьлла, Атажукина мотт бинийла. Къаьсттина цецвуьйлура со витарх. Ас дуй ма биънера оьрсийн паччахьна муьтӏахь хила. Со цуьнан эскаран инарла вара. Ткъа ас, и сайн дуй а къарбеш, пачхьалкхна йамартло йинера. Хӏетте а ца лоцура, чинах ца вохавора. Амма суна кечдина кхин луьра таӏзар хиллера церан дагахь. Инарло Лорис-Меликовс, цхьана дийнахь шена тӏе а кхайкхина, доцца схьахьедира соьга: йа оьрсийн ӏедална резабоцу нохчий а эций, Сайдуллица а, ӏелаханца а Турце кхалха, йа оха оцу нохчашца цхьаьна дуьнен чуьра кӏур бойъу хьан…
Кийра цхьа бала хьаьвзина, ша ӏаччохь меттахъхьеш, синтем байна Аьрзу цӏеххьана хьалаиккхира. Шен кхоьлина бӏаьргаш хӏетталц бендоцуш дехьа ломан баса боьгӏна гӏийла къамел деш ӏачу