цхьа дакъаделла чемхалг цергаца ӏуьйшуш а ӏийна, Аьрзу вист ца хуьлийла хиъча, йуха а шен къамел дӏадолийра цо:
– Хӏаъ, Аьрзу, сан бехкенна хӏаллакьхуьлуш ду шу кхузахь. Со а ӏехавелира, шу а ӏехаделира. Бехке ву. Сох бекхам эца луучо суна эзар шо оьмар йеха. Цхьана агӏор, шун къила воьжна, цо дог огуш, вукху агӏор, даймахке сатуьйсуш вехачул, суна велла дӏавалар гӏоли йу. Ас дуьненахь йоккхучу хӏор а минотал луьра таӏзар дац суна.
Ӏела ца тешара Кундуховс дуьйцучу дукханнах. Амма цхьадолчех тийшира. Къаьсттина цуьнан тӏаьххьарчу дешнех. Ӏелина хиънера даймахках валаран, цуьнга сатийсаран къаьхьа чам.
– Тхоьца цӏа верза, – аладелира ӏелега цӏеххьана.
Доккха садоккхуш, гӏайгӏане велакъежна, ӏеле хьаьжира Муса.
– Э, къонах, хьуна и ала бен хаац. Туркошна со кхузахь оьшу, оьрсашна со цигахь а йа кхузахь а хьашт вац. Туркоша со дӏа а хьажор вац, оьрсаша дозанал чоьхьа а волуьйтур вац. Шу-м къайлах-къулах а цӏехьа гӏертар дара, валаза висинарг дӏа а кхочур ву, шайн йарташкахь къайлаваьлла а вуьсур ву. Ткъа со? Со къайлавер вац цигахь. Билгал ву. Даймахке сатуьйсуш, валлалц кхузахь къиза ваха деза сан.
– Муса, хьан цхьана а дашах ца теша со, – элира Аьрзус. – Хьайх тешам байъина ахь.
– Ас бехк ца буьллу, Аьрзу.
– Хьо вохкалуш стаг ву, хьуна хала хир дац кхузахь ваха! – къиза дешнаш кхуьйсура Аьрзус.
– Аьрзу, ма йехьа ӏиттарш, сан собарх къинхетам бехьа! – къаьхьа мохь белира Кундуховн. – Хӏаъ, соьгахь шортта ахча ду! Туркоша со лору, царна чӏогӏа оьшу шайн мостагӏийн эскаршший, тӏеман ӏилмий девзаш волу инарла. Цигахь сайна гӏенах а гундоцчу дарже кхача мега со кхузахь. Амма хӏун до цунах? Кхузахь паччахь хилла вехачул, суна-м лаьмнашкахь къоьлла валар тоьлий. Амма тӏаьхьа кхетта-кх.
– Дала хьукма дойла хьуна! Вало, ӏела.
– Собар, Аьрзу. Шу йухадерзо хьажийний со-м!
Масех гӏулч ма-тессинехь, сецира Аьрзу:
– Хабар ца дахдеш, кху адамашна кхел кхайкхайай валахьа, Алхазан Муса. Йуха ца дерза, лийр ду тхо.
– Эрна къа а ца хьоьгуш, йухадерза. Оьрсийн паччахьан омра ду, кхуза кхелхинчу нохчех цхьа а йуха Россин дозанал чоьхьа ца валийта.
– Хаьа тхуна. Амма, дозане а хевшина, оха йуха а дехар дийр ду.
– Шу тергалдийр дац.