– Ас аьлла шуьга, нагахь кхидӏа аш ког баккхахь, оха, мозий санна, дойъур ду шу! – тӏечевхира векъана эпсар.
– Хӏун дийр ду ткъа, эпсар? Оцу наха кху дозанехь бала, йа, дехьа а бевлла, къилбаседехьа дӏабаха сацамбина.
– Делахь, лийр ду-кх шу кхузахь!
– Тхуна герз айъа дохку шу? – йукъавуьйлира ӏелина уллохь лаьтта Чора. – Вай-х цхьана Дала кхоьллина, цхьана умматехь бусалба вежарий ду! Оцу мискачу зударийн, берийн, баккхийчу нехан цӏий ӏано ойла йу шун? Аш тоьхча, дан цӏий дац церан догӏмашца. Уьш, халла синош доьӏуш, чархаш йу. Дӏадахийта тхо.
– Мича?
– Тхайн даймахка.
– Даймохк мичахь бу шун, сагӏадоьхургаш! – чуьравелира верстина эпсар. – Шу кӏиллой, лаьхкина, махках а йаьхна, цига охьа ца хевшина оьрсий? Йуха шу цига хьан дуьту? Гаурийн паччахьна шайниш, шайн динехь берш, бен ца беза. И хаьий шуна? Кхузарий, Гӏажарехарий маситта эзар эрмалойн доьзал дӏабигна цо. Хӏордал дехьара тхан керста йалхой а кхалхийна шен махка. Шен керстанаш дӏабуьгу, бусалбанаш схьалоьхку. Цо дӏабигна керстанаш йуха ца гӏерта, ткъа шу, бага са а кхаьчна, дӏагӏерта!
– Цигахь тхан даймохк бу!
– Цу тӏе, шун ӏедал а ду, оьрсийчул тӏех аьлла, къиза.
– Сацийта, мунепакъ!
– Собаре хилал цхьажимма, – вистхилира хӏетталц тапъаьлла ӏийна къона эпсар. – Шуна хӏунда ца хаьа, оха дӏадахийтича а, дехьа лаьттачу оьрсийн эскарша шаьш дехьадовлуьйтург цахилар? Цул а, меллаша йухадерзийша, тхо къила а ца духкуш. Хӏун ду шуна цигахь оццул марзделларг? Дӏадахча а, ду-кх шу оьрсийн паччахьо Сибрех лохкур. Цигахь шелонна лийр ду. Дийна бисинарш, керста дине а берзийна, хьакхарчий а йууш лелар бу. Тӏаккха дуьненах а, эхартах а довлу шу. Суна къахета шух, хӏаллакьхила дохку-кх шу.
– Кхузахь дехачул, Сибрех даха а, жоьжахате даха а реза ду тхо! – эккхийтира ӏелина тӏехьа лаьттачу цхьамма.
– Сацийта, хьакха! – цӏогӏа туьйхира векъанчу эпсаро. – Цул, ӏовдалш, оха бохург де, шайл хьалха кхуза кхаьчна важа ламанхой санна, тхан эскаран магӏаршка хӏитта. Шайн йолал сов, маьхза даа мерзаниг, тӏедуха диканиг, хӏурлаӏан мехкарий санна, хаза денна хуьйцуш лело керл-керла зударий хир бу.