Цунна тоьшалла ду селханлерий, таханлерий ши де. Туркойн инарлаша вайна йаккхий тоьпаш йеттийти, ткъа тахана кху гондӏара бусалба а, керста а, вай санна, гӏийла нах… вайна орцах баьхки. Гӏийланиг, мисканиг… иза мичча къомах велахь а… вайн цигахь а ваша вара вайна, кхузахь а уьш карий… вайна орцахбовлуш… Цундела суна нийса ца хета, вайгарчу бохамна муьлхха а цхьа къам дийнна схьалаьцна бехкедар… Маккхала олура, хӏара дерриг зулам, харцо, дӏовш цхьанхьара, цхьакӏеззигчу нахера схьадолуш ду… Мухха дерзий а, цӏа дерза шу… Хьанна хаьа… Маккхала буьйцу… и оьрсийн, гуьржийн… къен муьжгий вайгахьа бовла а мега… Амма, ӏела, сан ваша, сан тӏемало, хьуна пурба дац вайгарчу бохамна бехкечех… гӏийлачийн мостагӏех бекхам ца оьцуш, кхоа а велла… суна дуьхьал эхарта ван. Маршо йа ӏожалла… Шиннах цхьаъ… Изза весет делахь хьайн тӏаьхьене а… Кхин дӏадийца… ницкъ бац, кӏентий… ӏела… сан настарш шелло… Даг тӏе хьалагӏерта шело… Хуьлуш дерг-м хаьара суна… амма хьо чӏагӏлолахь… Кхул доьхна денош дукха догӏур ду… хьуна… Чора а, со а цхьана коша виллалаш… Цуьнан доьзалан… дола делахь… Сан чоин бустам чохь… вайн Гати-Юьртара… латта ду… Иза сан… бесни кӏел додалаш… Маккхале… Берсега а ала…
Аьрзу, цӏеххьана луьйчуьра а сецна, цхьана чӏогӏачу лазаро ов тоьхча санна, дегӏ дулуш, йуьхь а чӏачкъийна, къаьрззина ӏелега а хьаьжна, малвелла, дӏатийра…
– Аьрзу? – дош даккха гӏерташ, цуьнан базбеллачу коьртах куьг хьоькхура ӏелас. – Аьрзу!..
Ша хӏун леладо а ца хууш, вешина тӏетийсало ӏела меллаша дӏа а теттина, Аьрзун меженаш нисйира Мӏаьчига.
Ӏадийначу акхарочух ӏаннашца кхерстира Эсетан йелхаран къора мохь. Цуьнга терра тийжаш хетара мелачу махо техкайо, мажлуш, йерзина йуьйлу хьун. Тӏекхозайелла ӏаьржа стигал бӏаьрмециг йелха йуьйлира.
«Лечунна йеса деша молла а вац. Къен леш ду тхо… – ойла йора Мӏаьчига. – Гӏазотехь веллачунна моллас деша а, лийчо а, марчо хьарчо а ца оьшу, Мункира а, Некира а кошахь цуьнга барт хоттур бац, йалсаманин неӏарш цунна йиллина хир йу, хӏурлаӏан мехкарий цуьнга хьуьйсуш хир бу, олу ӏеламнаха. Дийна вуьсучу гергарчун догъэца хаза дешнаш ду уьш.