«Акхачу нохчел хӏумма а кӏезиг зуламе
бацара машаре нохчий а… Доллучул
вониг – и машаре йарташ а разбойникийн
баннашка йерзар, бевддачу вайн
салташна туш хилла дӏахӏиттар дара…»
А. П. Ермолов
Дуьхьалнисделла гаьннаш, синтарш шен могашчу аьтту куьйга дӏа а сеттош, сих ца луш хьалха дӏаоьхура Васал. Сийна тхов бина стигал къайла а йаьккхина, курра тӏамарш йаржийна лаьттара, чӏу санна, нийсачу, стаммийчу пепнийн йуькъа хьун. Воьдуш, наггахь тӏенислора гаьннаш йуккъехула чекхйевллачу зӏаьнарийн асанна. Цунна гонаха уьйриг хилла хӏаваэхь хьийзара кегий мозий. Цо безза боккхучу кога кӏел чутеӏара кӏеда гӏовда . Когаш кӏел нисло декъа чӏеш кагделча, къаьхкий, тарсал, попан кӏайн-къорзачу гӏода тӏехула каде хьала а хьодий, цӏоганах чӏуг йой, разйолий, сема цунна тӏаьхьахьожура, иза къайлаваллалц. Шен болх сацабора хенакӏуьро. Декъачу гӏашна бухахула шур-шур деш дӏауьдура дехкий. Амма кхузахь дика дара. Йалсаманехь санна. Латта морцуш, тӏеӏеткъа бовха малх бу-бац ца хаьара. Дегӏана там беш шийла, цӏена хӏаваъ, олхазарийн бес-бесара эшарш, шакарш…
Амма Васална ца гора и исбаьхьа ӏалам. Цунна ца хезара и эшарш а. Йукъ-йукъа сийна корсамаш тийсина нийсачу пепнийн кӏайчу гӏаддаша ойланца гена дӏаваьхьнера иза. Хӏун дара а хаац, тахана карладелира гуттаренна а цуьнан даг чохь дисина беран хенахьлера цхьа де. Хӏетахь цуьнан пхи шо хир дара. Таханлерниг санна, аьхкенан де дара иза. Бовхачу малха кӏел, дохделла, малделла гӏаш охкийна лаьтта кӏайн акхтаргаш. Тийна акхтарган хьун. Дӏатийнера олхазарш. Ца хаалора диттийн гӏаш лесташ.
Кӏиранах йалх дийнахь баринан кхаш тӏехь болх бан деза цуьнан къона да-нана цхьана кӏирандийнахь шайн кхан коржам тӏехь болх беш дара. Цаьршимма леррина асар доккхура йокъано дагийна, можа бос бетталуш лохха тӏедаьллачу сулина. Ткъа хӏара доккха, бурсанечу акхтарга кӏел бай тӏехь ловзуш ӏара, наггахь, воьдий, цаьршинна гонаха а хьаьвзаш.
Малх гӏушлакхе баьлча, дуьнен чу гуттар тов хьаьвзачу хенахь, болх а сацийна, садаӏа охьахиира цуьнан да-нана.
1. Охьэгна гӏаш йа охьайижина шира буц