Бойсагӏаран веларо догӏмашка зуз хьадийтира чохь болчу нехан. Массо а кхеравелла дӏахьаьжира цуьнга. Царна хаьара, имамо Бойсагӏаран сий дойла. Хаьара, имаман кӏанта Гӏеза-Махьмас хӏокху лаьмнашкахь уггар лоруш болчу нахах и цхьаъ хилар. Амма имаман буьрса амал а йевзара царна. Ша оьгӏазваханчу минотехь бехкбаьлла стаг воьйтура цо. Виллина дӏа йоккха шаьлта а карахь шена уллохь лаьттачу чаьлтаче.
– Йа Аллахӏ, ма йаккхий йу-кх хьан къайленаш! – саца ца туьгура карзахе Бойсагӏар. – ӏилманца, хьекъалца цӏейахана Юьсп-Хьаьжа, Сулейман, Атаби! Майралла цӏейахана Шоӏип, Тӏелхаг, Бота, Эска, Гӏойтамар, Ботукъа, Соӏдулла, Дуба! Хӏара сурт шайна гича, ма бӏаьргаш хье тӏе бевр бара шун! Шуна цкъа а бӏаьрга ма ца гира хӏара къайле йалсамане! Ва-хьа-хьа-хьа!
Шемална йевзара Бойсагӏаран йухахьара амал. Иза кхеро, къарван ницкъ бацара дуьненахь. Шена дуьхьало мел йин, дарлуш, карзахвуьйлура иза. Эриг ала витар бен, кхин дарба дацара.
– Мичахь бу, тхо неӏаре а ца дуьтуш, ахь хьайца диване хийшийна хьан тешаме хьехамчаш? – имаман даг тӏе туьха туьйсура Бойсагӏара. – Хӏан? Мичахь ву бӏаьрзе Коьр-Мохьуммад? Хьан стунда Джамаьлда? Ӏаьмарха, Дибир-Хьаьжа, Метлакъ-Муртазӏела? Яхьйа-Хьаьжа? Ахь чета а боьхкина лелийна наибаш Кибит-Махьма, Денел-Бек, Албаз-Дибар?
– Шайн нохчийн наибашна тӏаьххье гаурашна мараэккха ваха сихвелла-те хьо? – ӏоттар йира имама.
– Тхайнаш ма хьебе! – хьалакхоссавелира Бойсагӏар. – Йамартлонца мостагӏчуьнгахьа валар а, ницкъ эшна кӏелвисча, мостагӏчунна хьалха герз охьадиллар а цхьаъ дац, имам. Тхан наибаш тӏера гаурийн цӏий а дакъадалаза тарраш а, кӏур туьйсу топ-тапча а карахь бахана йийсаре. Царах шимма, Дубас а, Соӏдуллас а бен, шайн герз хьуна дуьхьал а ца дерзийна. Ткъа тхайниш дӏа а тоьттуш, айхьа сий деш, лоьруш лелийначу дагестанхойн наибаша хьайна динарг гой хьуна? Хьох йамарт бевдда ца ӏа! Оцу Делан мостагӏашна гӏо деш бу. Нохчийчуьра дӏа а ваьлла, Дагестанан лаьмнашка воьллачу шолгӏачу дийнахь, цӏиййина котам санна, хьо тилийна цара. Уггар хьалха, хьан воцуш ца торучу Кибит-Махьмас а! Шех чим хиллачул тӏаьхьа бен, тхан цхьа а йурт кӏел ца сецна гаурашна.