Аса жимчохь сайн да́харна, сайн тароне хьаьжна,
Тӏейуьйхина цхьацца бедарш ирча-м ца хилле́ра.
Амма, цхьаццанхьа́ра эттӏа, уьш тишйелла тахна.
Царна йомаш летош ву со, кхин сайн йо́цу де́ла.
Су́на хийла новкъа хуьлу ира хье́къал, шийла хье́къал —
Зарзйеллачу цу бедарех чекх са ган ца лаьа.
Тӏаккха су́на гучудуьйлу да́хар — айпе пекъар,
Дерриг дерзина и далахь, хӏун гур ду хӏун хаьа.