Со, и схьа мел го, вела везаш хуьлу,
Оьгӏазе, де́ра со ца гайта цунна.
Амма ас ларйо веларан кеп луьрра,
Шех воьлуш ву со ца моттийта цунна.
Тхойшиннах муьлха ӏехадо-те́ аса?
Йа, нийса аьлча, тхох хьан до-те́ ӏеха?
Ма гуш ду-кх дуьйцург ас, ца ваьлла, хаза,
Ма гуш ду-кх, муьлхарг лечкъа тхох ше́н эхьах.
Со, цец ца вуьйлуш, цецвийла а веза…
Чекх маца де́р ду-те́ша де́рриг хӏара?
Ма хала хилла-кх цайезачун безам,
Йезачун цабезамал а хала.