— Схьавола шена тӏаьхьа.
Цхьана боьрахь йинчу хӏусаме а вигна, цуьнан до́гӏа дӏа а даьккхина, цу чу хьаьжийтина кӏант. Цу цӏа чохь кӏару́ла-ӏаьржа жӏаьла хилла.
— И лаьттарг Буса́ни йу хьу́на, сан зуда йу хӏара, на́хаца леларна, жӏаьлин амате йирзина.
Со цуьнан майра Байнал а ву хьу́на. Ткъа хьо хӏунда веана а хаьа су́на. Хьо сан йоӏа, Байнал-Буса́ни бо́хург, хӏун ду хаахь, йо́гӏур йу ша, аьлла, дош а делла, веана. Хьох хӏинца сайн нуц а вийр ву аса, сан йоӏ а йа́лош, схьавола, кхузахь шуьшинна даллалц, ког йа куьг меттах а ца хьадеш, даххал ба́хам а бу сан. Ахьа сан бархӏ кӏант вийний а хаьа су́на.
Делахь а, оцу бархӏ кӏентан, хьол толлал, ницкъ ца тоьъна, хьо нуц ца́рал тоьлаш хета су́на, — аьлла наьрт-орстхочо Байнала.
Цигара цӏа а вирзина, малх-бутт коьрта тӏехь къегаш болчу йоӏана тӏе ва́хана кӏант.
Уьйтӏахь шен хье́сан чимчаргӏа а деш, ӏаш йолчу йоӏана тӏе а хӏоьттина, аьлла кӏанта:
— Йоӏ, соьга йолахьа.
— Йо́гӏур йу-кх, хьу́на Байнал-Буса́ни бо́хург, хӏун ду хаахь,— аьлла йоӏа. Кӏанта жоп делла:
— Буса́ни, на́хаца а лелла, жӏаьлин куьце йирзина хьан на́на йу, ткъа Байнал хьан да́ ву, — аьлла.
Оцу сохьтехь цхьаццанхьа шага тӏулгаш а хилла ӏохку нах, ша баша а бешна, набарх бовлуш санна, сама а боьвлла, шаьш хӏун леладо а ца хууш, дӏасахьоьвдда, кӏелхьарабовла. Цу кӏанта шен йалх ваша а цӏа ва́лийна.
Шен йоӏ а эцна, наьрт-орстхо Байнал волчу а ва́хана, цигахь шен хазачу нускалца ва́ха хиина ворхӏ вешин жимах волу ваша, шен вежаршца цхьаьна.
Хӏо́р дийнахь диканиг тӏедо́гӏуш, вониг, го а тосий, дӏадоьдуш, бертахь бе́хаш бу уьш хӏинца а.
Гӏалди-булди царна, кӏайн бож вайна.