— Ваша, оха-м дера хьабийра бац и хаза малх! Тхо-м дохко девлла тхаьш дан гӏоьртинчунна! – элира массеран а метта хьекъален Халидас.
— Мегара ду! Дукха дика хир ду! Нийса сацам бин аша, - хазахетарца тӏетайра кӏенташна воккха стаг.
— Ваша, хьан тӏейогӏу буьйса декъала хуьлда, тхо цӏа доьрзу делахь,- вовшен хийца а луш элира бераша.
Кхо кӏант суьйрено дашо варкъ даьккхинчу дитташа хьулъйинчу шайн йурт йолучу агӏора дӏаволавелира. Бехке бахана охкийна бара берийн кортош а.
— Цкъа собар дел цхьа жимма, кегий нах, - олуш сацийра воккхачу стага бераш. Шу майра хиларал совнаха, дика кӏентий а хилла. Цундела аса шуна бакъо ло шайна баан ӏаж-кхор а баккхан, - пурба делира хехочо берашна.
Хазахетаран мехьарий а довлуш хаз-хаза ӏаж а, кхор а харжан дуьйлира бераш дитташна тӏехь. Цулла тӏаьхьа дикачу воккхачу стагана баркалла а аьлла цӏавирзира кхо жимха. Амма йуьртах шаьш дулуш йуха хьаьжича царнна гира лома тӏе садоӏан охьалахбелла цӏаьххьана боккха хилла болу дашон малх.
- Ма дика ду-кх вай и хаза малх галийна чу а боьллина хьийза ца бина, - элира дог кӏедачу жимчу Ризванас, малхе а хьоьжуш.
- Дера ду-кх дукха дика-м, - олуш тӏетайра Халиддий, Сайханний а.
Цу суьйрана чӏагӏо йира кхаа кӏанта кхин шаьш-м хӏетта а хьан ца бан и дашон малх, амма вон адамашна малхана зе дан дагадогӏуш хилахь, цаьрга иза ца дайта а.