Кхин дӏа цуьнан хеттарш совцийра Матина цӏеххьана йаьхкинчу йовхарша. Адамашна ша жерга хетийла хуучу Матас шена боккха ницкъ бора, уьш а, шат а кийрахь сецо гӏерташ. Амма эххар а, ницкъ а эшийна, хецайеллачу цара цуьнан йуьхьа тӏера массо пха сенбира. Мансура хьалхалаьцначу гӏутакх чу шат тесира цо.
– Ой, воккха стаг цомгаш ма ву! – мохь белира стеган. – Пехашца цамгар йу-кх цунна.
– Хьажийтал гӏутакх, – Мансуран керарчу гӏутакх тӏе куьг кховдийра цо. Амма Мансура иза букъа тӏехьа лецира:
– Хӏунда? Хӏара боьха ду…
– Хӏумма а дац, хьажийта!
Нуьцкъах ала мегар долуш Мансурера гӏутакх схьа а даьккхина, шен бӏаьргех куьзганаш доьхкина, леррина гӏутакх чу а хьаьжна, цу чохь дерг шена ца гича, цу чуьра шат кехата тӏе а йоьттина, чӏешалгаца кегийра цо.
– Хьажахьа, Галя, суна дика са ца го.
Йоӏ, цунна улло охьа а лахйелла, шате хьаьжира.
– Хӏаъ, пехашца цамгар йу. Дукха хан а йац кхетта. Хьажийтал хьайн матте. Иштта, бага а гӏаттайай, мотт арабаккхал. Кхуьнгахь дика хьал дац, Вася. Схьагайтал хьайн куьг. Пульс дукха вон а йац. Дагар ду-кх. Больнице охьавилла вигча, муха хир дара-те?
Йоьӏан накъост Мансурна тӏевирзира.
– Воккха стаг кхерамечу хьолехь ву. Пехех цамгар кхетта цунна. Тхойша лор ду. Больнице охьавижа веза хӏара. Цхьана баттахь ӏиллича, толур ву хьан папаша. Вало.
– Цо хӏун боху? – хаьттира Матас.
Мансура дерриге а дӏадийцира.
– Хӏан-хӏа, гӏуллакх хир дац цунах. Суна а хаьа сайна пехашца цамгар йуйла а, иза вон цамгар йуйла а. Вайшинна йеллачу бакъонна тӏейазйинарг итт де хан йу. Цунах бархӏ де дӏадели, ши де бен хан ца йисина.
– Хӏун боху папашас? – хаьттира йоӏа.
– Гӏуллакх хир дац. Тхойшиннан бакъо йац кхузахь саца.
– Хӏунда?
– Тхойша нохчо ву. И ду дерриге а галдаьлларг.
Къона стаг велавелира.
– Шу нохчий хилар тхойшинна бӏаьрг ма-кхийтти хиира. Вало ший а. Караташ гена йац кхузара дӏа. Ткъе итт километр йелахь кхин йац. Хьо дӏагӏур ву, папаша кхузахь вуьсур ву. Цхьа бутт баьлча, хьо йухавеача, хӏара товелла карор ву хьуна. Тӏаккха цхьаьний дӏагӏор шуьшиъ.
– Эхӏе, дӏаваьллахь! Тхойшиъ иштта ловзуш хьан лоьлуьйту хьуна! – гӏайгӏане велавелира Мансур.