Граждански тӏамехь контрреволюцин, интервентийн гӏеранаш хӏаллакйира цо. Польски, японски, фински агрессорш этира. Йерриг Европа шен когашна кӏел йоьллина, стешхачу йамартлонца вайн Даймахкана тӏелетта, вайн маьрша йарташ, гӏаланаш йохош, бӏе эзарнаш советски адамаш хӏаллакдеш, бӏе эзарнаш лолле дӏалоьхкуш, хьердевлла лела фашистски экха отуш, лоьллуш, шен тунгари чу дӏадуьгу вайн турпалчу эскарша. Дукха хан ца йисина вай толаман де даздан. Даймехкан маршо, сий лардеш эгначу, Даймехкан маршо, сий лардеш тахана а леташ болчу советски бӏаьхошна тӏера, церан хьуьнаршна тӏера, церан аьттонна тӏера, толамна тӏера хӏара кад дӏамер вай!
Николай Кузьмича цхьа къурд бина дассийра шен стака. Мария Петровнас, жима къурд бина, охьахӏоттийра. Ткъа ӏалхас шениг бете а ца даьхьира.
– ӏалха, ахь хӏун до?! – цецвелира наьрсах тасавелла воллу Николай Кузьмич. – Ахь хьалха-м ма молура?
– Тахана ца молу ас.
– И хӏун ду? Тахана а ца мелла, хӏара маца а, хьанна тӏера а мала воллу хьо?
– Ма хеттахьа, Николай. Цул, соьга хӏума йаийтахьа. Тахана кийра рицкъа дахана дац сан.
Мария Петровнас, йовха борщ йоьттина, бошхап хьалха хӏоттийра цунна. ӏалха йиъна валлалц вист ца хуьлуш ӏийра Николай Кузьмич.
– Бехк ма биллахьа суна, ӏалха. Суна дагара даьллера нийсса шо хьалха, 23-чу февралехь, шу махкахдахар…Амма… Шун бохамна бехке вайшиъ санна болу советски тӏемалой ма бац.
ӏалха, вист ца хуьлуш, мӏераца копаста кегош ӏара.
– Ас хьуна дийца ма ца оьшу фронтехь вай а, вайн накъосташа а лайнарг, ловш дерг а. Фашисташа оккупаци йиначу Украинехь, Белоруссехь, Россин областашкахь а динарг.
Эххар а мӏара стоьла тӏе охьа а биллина, дегӏ нисдина, доккха садаьккхира ӏалхас.
– Иштта-м, дера, дара иза, Николай. Украинехь, Белоруссехь,