Къамеле бевллачу божаршна йуург йицйеллийла хиъна, Мария Петровна чай кечдан хӏоьттира. Даима шен коьртехь бала хилла лаьтта цхьа хаттар дан йукъ ца йолуш, цигаьрка уьйзуш ӏара Николай Кузьмич.
– Шуна йукъахь дуккха а бандиташ хилла бохуш а дуьйцура…, –волавелира иза.
Амма ӏалхас оьгӏазе йукъахваьккхира:
– Бандиташ, йовсарш йукъахь йоцуш халкъ дийцал ахь? Украинехь, Белорусехь, Россехь кӏезиг бу тахана бандиташ, дезертираш, даймахкана йамарт хилла нах? Фашисташкахьа бевлла, шайн даймахкана дуьхьал летарш? Полицайш? Ткъа Власовн эскар? Гӏалгӏазкхийн корпусаш? Юккъерчу Азерчу, Закавказерчу, Прибалтикерчу халкъийн легионаш? Бӏе эзарнаш бу уьш, фашисташкахьа, шайн халкъан даймахкан мостагӏашкахьа а, бевлла, советски эскаршна духьал тӏом беш, шайн къоман вежарийн цӏий ӏенош. Буй?
– Бу…, – корта таӏийра Николай Кузьмича.