Цунна дуьхьалхӏоьттира, пхи бутт хьалха ша госпиталера араваьлча, винчу лаьмнашка вахар. Грознера дӏа гӏаш воьдура иза. Хӏетта йирзинчу чевнаша хаамаш бора некъ бан воьлча. Къаьсттина чӏу бойначу настаро. Цхьаннахьа а ца гора нохчо. Аренца йарташкахь – хӏетта кхуза кхалхо болийна оьрсий, лам чу воьлча – суьйлий. Дай цӏера бевлча, тишделла цӏенош, ков-керташ. Доьхна некъаш, тӏайш. Гӏийла лаьтта кешнаш. Акхадевлла лела жӏаьлеш, цицигаш. Дукхахдолу цӏенош, хӏинца а керла дай схьакхачаза, даьсса лаьттара.
Къематде хӏоьттинера ӏалхин Даймахкахь.
Кхо де-буьйса даьккхира цо винчу йуьртахь. Дийнахь хьаннашка, лаьмнашка а воьдуш. Шен дай баьхначу, ша винчу, бераллехь ша левзинчу меттигашка тӏаьххьара бӏаьрг тоха. Кхоалгӏачу дийнахь тӏаьххьара лаьмнашка а вахана, цхьана лекхачу орца тӏе хьала а ваьлла, гондӏа бӏаьрг бетташ иза хиъна ӏаш, цунна тӏевеара герзаца кечвелла да а, ши кӏант а.
Цара ӏалхина дийцира тешнабехк бина нохчийн халкъ махках муха даьккхира. Уьш кхоъ оцу дийнахь цӏахь вацара. Кху лаьмнашкахь жа дажош вара. Хилларг царна хиира кӏира даьллачул тӏаьхьа. Хӏинца уьш кхоъ шайн даймахкахь лечкъаш лелара. Йуьрта баха а ца баьхьаш. Адамашна гучубовла а ца баьхьаш. Акхарой санна, адамех къехкаш.