масех кӏанта, тӏехбеттамаш беш, аравала а ца вуьту со…
– Забарш йеш ма хуьлу, Берса, – велавелира Николай Кузьмич, – забарш а йо, наггахь буй-тӏара йеш меттиг а хуьлу, амма уьш тӏаьхьало йолуш хӏуманаш дац. Ас дош ло хьуна, Митькина тоххара дицделла хир ду шуьшиннан дов.
– Амма суна ца дицло. Диц а лур дац. Царна забар хиларх, суна забар йац цара йийриг… Тӏехула тӏе, иза йа дуьххьара а, йа суна цхьанна йина а ца ӏа уьш…
– Ой, хӏун ду иза, дан мукъане а? – цецвелира Николай Кузьмич.
Берсин ши бӏаьрг хих буьзира, ца велха гӏерташ, бухара балда чӏогӏа цергашца схьалецира цо. Логашад хьала-охьа уьдура. Тӏаккха, жимма ӏийна, берриге шен ницкъ тӏе а гулбина, вистхилира:
– Бандит, фашист, йамартхо олий бен, сан цӏе ца йоккху цара… Тхо, нохчий, Даймахкана йамарт хилла, бандиташ хилла, оха немцошна гӏо дина бохуш, тӏехбеттамаш бо цара…
Кӏант цхьа гӏулч хьалха а тесна, велхаран маьхьарца шен маракхетча, дегӏа тӏера массо а чо ирахӏоьттира цуьнан.
– Николай Кузьмич, ахь алахьа бакъдерг, – дерриге дегӏ дегош, шен корта Николай Кузьмичан некха тӏе а таӏийна, воьлхура Берса. – Тхан йуьртарчу нахана бӏаьрга а ца гина и бандиташ а, йа немцой а… Кхечахьа, генахь, хӏун хилла суна хаац, со жима вара… Дадас а боху шена хӏумма ца хаьа… Дядя Коля, алахьа, бакъдуй цара бохург?… Тхо, махках даьхна, кхуза схьа хӏунда далийна?…
Кӏанта даррехь хьалхахӏоттийначу хаттаро вохийра Николай Кузьмич. Мацах цкъа университетехь дуьненан историн муьлххачу а темина лаьцна кхиамца докладаш йина, лаккхара хаарш а, наггахь бен хуьлуш йоцу корматалла а йу бохуш, профессорша хестийна, шен эскаран декъехь тоьлла политрук хилла, шарахь сов хӏор денна ӏожаллина дуьхьал хӏиттарх, цкъа а ца воьхна Николай Кузьмич, хӏинца оцу жимачу кӏанта велхарца деллачу хаттарна дуьхьал дала жоп ца карош, дегӏе хьацар тоьхна, хиъна ӏара.
– Ма велха, сан кӏант, – элира цо эххар а, Берсин ӏаьржа, жима корта шен некха тӏе а таӏийна, цуьнан гӏоргӏачу месех куьг а хьоькхуш. – Уьш цхьа а бакъ дац. Оцу масех кӏанта, дуьххьалдӏа хьо хьийзо шайггара даьккхина иза. Шу схьа хӏунда далийна суна ца хаьа. Гитлеровски фашисташа болийначу кху неӏалт хиллачу тӏамо массо а ваьккхина шайн