Тӏехула тӏе, сан йоллу ойла йолуш со цхьаъ хилла а ца ӏа. Йа хьо хьо а ца теша айхьа дуьйцучух. – Иштта-м ма дара иза, Коля. Амма, ахь гӏалат далийтахь, бохам хир бу-кх вайна. Ас йийца ма ца оьшу хьуна хӏара зама. Ког когах кхетта а, галвалахь, вахана агӏо ца хоуьйтуш, тӏепаза войъу. Хьанна хаьа, вайн коллективехь хила а тарло хьуна бохам хила лууш стаг. Цул, айхьа цхьаъ доладале, цкъа хьалха Рахманкул Жапаровичах дагавалахьа. Шуьшиннан вовшех лачкъийна хӏума а дац.
Школан дешаран декъан заведующис Рахманкул Жапарович Юсуповс леррина ладуьйгӏира Берсин хьокъехь Николай Кузьмича шега дийцинчуьнга. Амма, и гӏуллакх педсовете дилла цуьнан сацам хилар хиъча, резавоцуш корта хьовзийра цо.
– Мегар дац иза, Николай Кузьмич. И тайпа гӏуллакх педсовете ца дуьллу.
– Ца мага хӏун ду кхузахь? Бераш кхетош-кхиош дац ткъа вай? Бахархошна йукъахь кхетаман болх бан декхар дац ткъа вайн?
– Амма вайн школин программина а, хьехархошна хьалха лаьттачу декхаршна а йукъадогӏуш дац партин а, правительствон а сацамаш школашкахь бийцаребар. И халкъаш партин а, правительствон а сацамца махках даьхна. Дисинчух хьо кхеташ хир ву моьтту суна.
Николай Кузьмич хьаллагӏеттира.
– Делахь хӏета, кхоьру-кх хьо? – кӏоршаме ӏоттар йира цо Рахманкулна. – Ленински кхайкхамца партин могӏаре хӏоьттина, Ленинан весеташ кхочушдан дуй биъна, хьо шира большевик а йухаваьлча, партехь боцчу хьехархошка дийца сан хӏумма а дац!
Оцу шен моханца аравала дагахь дӏаволавелла иза сацийра, вагийча санна, цӏеххьана хьала а иккхина, бӏаьргех долу куьзганаш катоьхна дӏадаьхна, сурт даккха санна, цуьнан бӏаьргаш чу вогӏавеллачу Рахманкула. Тӏера массо чо а боьжна, хӏоа санна, цӏанбелла корта, лекха, шуьйра хьаж, хьекъале, гӏайгӏане ши бӏаьрг, оза, йеха йуьхь, ло санна, кӏайн маж, йуккъера даьӏахк ца хаалуш, ведбелла, кхоьссина тӏелатийча санна, шуьйра мара…
Бархӏ шо хьалха горга йуьхь-марш, ӏаьржа маж-мекх а долуш цхьана буса меттара а гӏаттийна вигна элдарчу дегӏара Рахманкул, кхо бутт балале, набахтехь къежвина, букар хьовзийна, йуьхь эрча а йаьккхина, Колыме хьажийра. Дуккха а дехарш, аьрзнаш диначул тӏаьхьа, тӏом болабеллачу