Иштта ма ду дуьне. Хьуна иза хаьа. Хьо бӏарзвинарг кхин ду. И ший лахь, айхьа царна а хӏун дийр ду-те, царал тӏаьхьа хьайх а хӏун хир ду-те бохуш, ойланаш йеш, бӏарзвелла хьийза хьо. Оцу Дала мукъалахь, и шиъ толур ду. Амма, Дала шайна тоьхна оьмар чекх а йаьлла, и шиъ лахь а, церан вежарша, кӏенташа лелон дерг лелош, и шиъ дӏа а дуллур ду ас, ткъа хьо хьайн нахана тӏекхаччалц, сайн кӏентан санна, хьан дола а дийр ду. Хьуна оьшучохь да а, вежарий а хир ду тхо кхо ваша. Вохий ма хьийза.Тӏехула тӏе, хьуна цхьанна тӏехӏоьттина ца ӏа хӏара де. Цомгаш хилларг, кху чохь лоьраша дика дарбанаш а леладой, товой аравоккху. Да-нана деллачу берийн ӏедало дола до. Ца гина хьуна эвла чу вуллучохь гонаха беш йолуш долу даккхий, дехий, кӏайн цӏенош? Интернат йу иза. Нохчийн маситта бер ду цигахь кхобуш. Даа а, тӏедуха а ло царна, хаза чохь ӏен цӏенош ду, кӏеда, цӏена мотт-гӏайба йу, хьоьхуш хьехархой бу. Ша мел холчохь делахь а, ӏедало витац стаг бохамехь тесна. Вало, хӏинца вайша Мохьмад волчу гӏур ву.
Йехачу цӏеначу сени чу ваьлча, цаьршинна дуьхьалкхийтира лор-йиша.
– Шуна хӏун оьшу, накъостий?
– Цомгашчу воккхачу стагана тӏехӏотта лаьара тхойшинна.
– Мила ву иза?
– Покровкера Мохьмад.
– Фамили?
– Хаац суна. Зуда а, майра а цхьаьний далийна и шиъ. Суна хетарехь, воккха стаг и дӏо неӏ йолчу палатехь ву.
Лорйишас корта хьовзийра.
– Мегар дац цунна тӏеваха. Къамелдар дика дац цунна.
– Амма, цунна тӏе ца хӏиттича, цадовлуш хьал хӏоьттина-кх тхан.
– Хӏан-хӏа, мегар дац. Кхетий хьо, иза хӏинца а чӏогӏа ву.
Лорйишин пхьарс а лаьцна, иза а эцна, дехьо а ваьлла, цуьнца лохха къамел дан хӏоьттира ӏалха. Наггахь Мусагахьа бӏаьрг тухуш, корта а теӏош, ӏалхе ладоьгӏуш лаьттара лорйиша.
Тӏаккха, дежурки чу а йахана, ши халат йохьуш, сихха йухайирзира.
– Сагатдо ахь, жима стаг? – хаьттира цо, халат тӏейуха Мусана гӏо а деш. – Баккхий нах кестта, то а белла, цӏа богӏур бу. Воккха стаг вуьззина къонах ву. Оццул чӏогӏа кхетта цамгар еший цо. Тахана хӏума а кхаьллина, метта охьа а хуу. Са ма гатде, диканиг. Кестта цӏа догӏур ду и шиъ. Жимма ахь сатоьхчахьана, дерриг а дика хир ду.