тӏаьхьа йерриг фронташкахь а, партизанийн боламашкахь а дера а, турпала а летара нохчий. Оцу тӏе уьш тоьттура масех бахьано. Шайн халкъана тӏекхоьллина и харцо а, дина эхь а ца лалуш, тӏеман арахь ӏожалла лоьхуш летара. Даймахкана йамарт хилла боху нохчийн халкъана тиллина цӏе харц хилар хаийта гӏерташ. Тӏамехь болчу нохчийн кӏенташа турпала хьуьнарш, Даймахкана тешам а гайтича, бехк-гуьнахь доцуш и харцо тӏе а кхоьллина, махках даьккхинчу халкъана тӏера и харцо дӏайаккхаре догдохуш а. Амма, шен халкъана эхь дина, цунна харц таӏзар дина аьлла, мостагӏашкахьа ца волура цхьа а.
Халкъ таӏзардеш махках даьккхинчул тӏаьхьа тӏамехь хьуьнарш гайтинчу нохчашна орденаш йалар а, турпалхочун цӏе тиллар а сацийра. Фронтан командованис йа Москвахь чекх ца бовлуьйтура уьш. Цундела, эскаран, дивизини, йа полкан командованин хьехаршца, орденна а, йа турпалхочун цӏарна а хьуьнар гайтинчу цхьаболчу нохчийн эпсарша шаьш кхечу къомах йазбойтура – гуьржий, хӏирий, гӏезалой, гӏумкий, суьйлий, и. дӏ.кх. а. Иштта цхьа могӏа хӏилланашца толаман де тӏекхаччалц тӏамехь бисира дуккха а нохчий,
ӏалхин ца дийзира цхьа а хӏилла лело. Шахӏид дӏавоьллинчул тӏаьхьа цхьа бутт баьлча, тӏамехь луьра чов хилла, йеххачу хенахь госпиталехь а ӏиллина, йуха фронте ваха ца магош, цӏа хьажийра.
Цӏа мичахь ду-м ца хаьара…
… ӏалхас доккха садаьккхира. Цхьа кӏира хьалха хиънера ӏалхина Шахӏидан доьзал Покровкехь хилар. Цунна и хиъначу хенахь Мохьмад а, Бесират а чӏогӏа цомгаш дара, ткъа Муса лесхозехь вара. Цомгашниш больнице а балийна, Муса цӏа кхайкхира ӏалхас. Амма Шахӏидах хилларг Мохьмаде дӏахоуьйтийла дацара иза товелла верззалц.