Кривошеевс, ши куьг дӏаса а тосуш, белш саттийра.
– Ткъа ахь тхоьга хӏун де боху?
Анастасия Федоровна цецйелира. Иза ца тешара шена и дешнаш хазарх.
– Ой, цара муха до аьрзнаш? Аьрзнаш дан йиш йоцчу хенахь кхолладелла и гӏуллакхаш. Ткъа иштта гӏуллакхаш хила таронаш вай йитича, хилла девлларш мага а магийтича, царах хӏун хир ду. Уьш вуьшта а бу боккхачу балехь…
– Белахь, бу-кх шайн бехкенна, – йукъахйаьккхира иза Кривошеевс. – Шаьш советски ӏедална дуьхьал гӏуьттучу хенахь, шаьш Гитлерна герз буйнахь гӏо дечу хенахь, ойла йан йезара цара таханлерчу дийнан. Цхьа а вац царна хиллачунна бехке, уьш шаьш бу. Дӏадаханчу бӏешеран дохалла оьрсашна дуьхьал гӏазотан тӏом бинарш уьш ма бу. Хӏетахь бӏе эзарнаш оьрсий хӏаллакбина цара. Революци хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, шаьш махках баххалц, советски ӏедална дуьхьал герз буйнахь дуьхьало йина. Хӏара тӏом болабелча, цхьа а фронте ца воьдуш, шайн хьаннашкахь, лаьмнашкахь бандитийн гӏеранаш кхоьллина, советски эскаршна букъа тӏехьахула йамарт тӏелетта. Доцца аьлча, кху тӏаьххьарчу бӏе шовзткъе итт шарахь кавказски ламанхошна а, вайн махкарчу кхечу халкъашна а йукъахь барт, доттагӏалла хила ца дуьтуш, цигахь къаьмнашна йукъахь мостагӏалла латтийнарш и нохчий хиллий хаьий хьуна, лоруш йолу Анастасия Федоровна?
Анастасия Федоровна йист ца хилира. Дуьххьалдӏа шен легашка гӏоьртинчу шадах къурд а бина сецира иза. Цунна хаац бӏе шо, цхьаъ ах бӏе шо хьалха хӏун хилла. Ца хаьа цунна нохчий советски ӏедална дуьхьал хилла ца хилла а, цара Гитлерна гӏо дина йа ца дина а. Цо шен шовзткъе итт шо дерриге а Покровкехь даьккхина. Иза къинхьегамхо йу, йиъ класс бен хаарш а доцуш. Цунна дика хуург йалташ кхиор а, даьхний кхабар а, керт-ковхь гӏуллакхдар а ду. Хьанна моьттура, цунах йоккхачу йуьртан куьйгалхо хир йу? Масане хир дац моьттург хилийти кху тӏеман шераша. Амма цунна цхьаъ хаьа…
– Стенна бехке бу и зударий, бераш? – хаьттира цо, Кривошеевна тӏе ши бӏаьрг боьгӏна. – Уьш а бара Гитлерна гӏо деш?