Охьадахка кхекхий а. Берашна кӏелтийса дика хир ду уьш.
– Дӏадовлийша дӏа! –огӏазвахара Сарыбай – Шуьша ший а ца кхетта сох. Оццул къиза хила, со экха ду-м ца моьтту шуна? Кхекхий дӏахьур ду ас. Хьала-охьа а, дахкалур ду, кхузахь дитича.
– Мегар ду. Дӏаэца хьайн кхекхий а. Дӏа аравала чехка! – кхекхий кара а делла, шен майра теттина неӏарх араваьккхира йоккхачу стага. Тӏаккха, Зараана тӏе а йахана, иза шен маракъевлира цо. – Ткъа хьо ма йелха, сан жима лулахо. Хьо йацахьара-м, каьмпаран дан хӏумма а дацара. Хӏокхо-м, денна йогӏуш, суна хи а дохьу, керт-ковхь гӏуллакх а до. Кхана ӏуьйрре чал лам тӏе гӏур ву, вайша цхьаьна ӏийр йу. Тоьур ду, ма йелха хӏинца.
Бераш дӏа а тедина, ӏабдул-ӏаьзамца арайелира Умсунай.
– Суна хаьара Решеда уьстагӏий лечкъадой, – элира цо шаьш кех девлча, – хӏетте а сайна хӏумма цахуучуха, ӏадда ӏара со, берех къахетара. Амма новкъа- м дара лулахо йамарт хилар. Хӏун дийр дара ткъа? Хазахеташ ма ца лелара иза. Воккхачу стага сийсара схьа ца лаьцнехь, со-м, уьш хьан лачкъийна а ца хаьа аьлла, къайладохур ду бохуш, ӏаш йарий. Хӏумма а дац. Оцу кхаа уьстагӏах тхо дехаш а хир дац, йа къий а лур дац.
– Баркалла хьуна… шуна массарна а, Умсунай, – элира, цӏеххьана собарх а воьхна, ша Сарыбайна барттохарна дохковаьллачу ӏабдул-ӏаьзама, – суна ма хаьа хьо оцу берийн дола деш хилар. Цхьа мисканаш бу-кх уьш. Ца бала гӏерташ, лела-кх. Дийцина хӏун до цуьнан, хьуна хьайна а гуш ду-кх цаьргара хьал.
– Дӏавалахьа, ма дийцахьа уьш! Цул, чу а дахана, цхьаьний чай мер ду вай. Бепиг-м дац сан, амма ӏаламат дика чай ду, шура а тоьхна кхехкийна. Вало.
– Чай мала-м меца а вацара со, амма Сарыбайна хьалха бехказвала ца веача-м ца волу. Шайтӏа даг чу а иккхина, халахетийти ас цунна.
– Иза-м тоххара дицделла хир дара цунна.
Умсанайна тӏаьхьа дӏаволавеллачу ӏабдул-ӏаьзамана гира хьалхалеррачохь хӏоьттина лаьтта Хелипат а, голашна тӏе охьа а лахйелла ӏен Зану а. Бӏаьрг ма-кхийтти хиира ӏабдул-ӏаьзамана цхьана хӏуманна тӏехула цаьршиннан барт ийгӏинийла.
– Хӏун хилла шуьшинна? – хаьттира цо, тӏе а вахана
– Шеллуш, йегош, ирахь а ца ӏелуш йу хӏара, – Занугахьа корта ластийра Хелипата, – цӏа а гӏой, охьайижа аларх, дӏа а ца йоьду. Вайшинца дӏайогӏу ша, боху.