Ши кӏант, гергахьо таьӏна, ладогӏа кечвелира. Амма Лоьмина ца хаьара ша мичхьара схьалаьцна доло деза. Тӏехьа дахийтина ши куьг коьрта кӏел а доьллина, къамелан йуьхьиг лоьхуш санна, тховх бӏаьргаш кхерстабора цо.
– Хӏун дуьйцур дара шуна? – Юрега хьаьжира Лоьма. – Шуна бакъдерг ала лаахь, дерриге а дийца сан ницкъ тоьур бац. Цхьа коьрт-коьртаниг олуш, чекхвала хьожур ву со. Доцца аьлча, шу санна, дерриге адамаш санна, дехаш дара-кх тхо тхан дай баьхначу лаьтта тӏехь. Оцу лаьтто комаьрша рицкъа лора тхуна. Цунах тоам а бора оха. Далла хастам а бора. Вайн Советийн махкахь массанхьа санна, ӏедал а дара тхо долчохь. Баккхийчара болх бора, бераша доьшура. Дешна ваьлларг балха а воьдура. Цомгаш хуьлура, дала а лара. Хазахетарш а, бохамаш а, цатемаш а хуьлура. Тхешан даймохк дукха а безара тхуна. Доцца аьлча, кхечарел тоьлаш а, йа оьшуш а доцуш адамаш дара-кх тхо. Церан йоллу ойланаш а, сатийсамаш а болуш. Аш санна, оха а сатуьйсура, фашистийн гӏера вайн макхара дӏа а лаьллина, чехкка тӏом чекхбаларе, фронтера тхешан дай, вежарий цӏа берзаре. Цундела оха тхешан ницкъ ца кхоабора къинхьегамехь. Цундела оха чӏогӏа безаш тӏеийцира шовзткъе кхоалгӏа шо чекхдолуш тхешан йарташка балийна салтий. ӏа йуккъе далале, массо йурт йуьзира цара. Хӏор а доьзалехь пхиъ-итт бӏаьхо. Хьаша везаш тӏеоьцу тхан халкъо. Иштта ду тхан дайшкара схьадогӏу гӏиллакх. Ткъа бӏаьхой уггаре а лоруш лело ма безара. Тхан а ма бара фронтехь дай, вежарий. Оха салтий лоьрура, церан сийдора, тхайн ма-хуьллу церан догъэца гӏертара. Цара тхан сискал а, оха церан чоьрак а йууш, цхьа доьзал санна, тхо бертахь дехаш дӏайоьдура хан. Уьш цигахь хӏунда латтабо ца хаьара тхуна. Шу кхуза хӏунда далийна аьлла, хаьттича, цхьаболчара – хаац, вукхара – садаӏа, кхечара – ламанца тӏом бан ӏамо далийна, олура. Европехь лавинаш йу. Цигахь фашисташца тӏом бан ӏамо. Кест-кестта, йуьртал ара а буьйлуш, учебни занятеш а йора. Наггахь, буьйсанна тревога а лой, хьала а лоьлхуьйтура.
Шайна ца хезаш цхьа дош тӏехтиларна кхоьруш, леррина ладоьгӏура Юрас а, Адашбайс а. Йуьхьанца забаршна, ӏиттаршна тӏера волавеллачу Лоьмин дешнаш хӏинца дегнаш ӏийжош дуьйшура берийн кийра.