Занун йуьхь, ша шен нахана тӏекхаьчча санна, цӏеххьана йекхайелира.
– Маила а олура иза. Ткъа Маил цкъа а харц ца лоьра…
– Хӏаъ, Маил догцӏена стаг вара. Шена тӏехь мел къиза харцо йинехь а, иза тешара и гӏалат нисдийриг хиларх. Хӏан, уьш хьехор дац вай. Йала, цӏа доьду вайша. Хьо тхан кора уллохула тӏехйолуш а гина, Машас хьо чукхайкха ваийтина со.
Занус шен дегӏа тӏехула бӏаьргаш кхарстийра. Тӏеда, хотташа йуьзна бедарш. Ги тесна тиша мотт-гӏайба. Дегӏ а дац цӏена. Довхачу цӏа чу ма- йеллинехь, йуха а кӏамдала доьр ду иза. Шаьшшиъ ишколан кевне кхаьчча, Зану сецира.
– Николай, ахь чӏогӏа сапаргӏатдаьккхи сан. Хаийти со цхьа йоцийла. Ас цкъа а дицдийр дац тахана ахь сан догъэцар. Баркалла!
– Хьалхе ду ахь суна баркалла ала. Нагахь санна мацца а цкъа дерриге а вайн дегнаша ма-боххура нислахь, тӏаккха эр ду вай вовшашна баркалла.
– Хӏан-хӏа, Николай, хӏумма а хьалхе дац. Дуьззинчу шарахь зийна оха шу. Ткъа хӏара хала шо бӏешеран новккъа ду. Шаьш халонехь бохккушехь, кхузарчу цхьаболчу оьрсаша а, гӏиргӏазоша а, узбекаша а доккха гӏо до тхуна. Иза дицдан йиш йац тхан. Ахь суна тахана динарг доккха вошалла ду. Баркалла хьуна, Николай. Хӏинца арайаьлла, ас сайна цхьанхьа хӏусам тарйийр йу.
– Муха? Хьо тхоьца ӏен барт ца хилла вайшиннан?
– Шуьца ӏийр йу бохучух гӏуллакх хир дац сан. Амма, ахь со балха йахийтахь, суна берриге дика болх бинарг ву хьо.
– Ой, хьуна тхоьца ӏен ца лаахь, ас школехь хьайнна ӏен жима цӏа лур ду хьуна.