Сан Даймохк бац хьу́на абата тӏера,
Виначу йуьртара болалац и.
Сан Даймохк — мотт сецна бӏешерийн кхера,
Сан Даймохк — тарраш тӏехь лардина сий.
Ца оьшуш хӏумма а тарднна кхолла,
Ма цӏена бакъ а ду-кх за́манан аз,
Сан Даймохк — ӏаьршашка кхевдина хӏоллам,
Сан Даймохк — аренца къух даьлла барз.