Чохь вовшен дуьйцуш долу хабарш а ца къастадойтуш чӏогӏа хабарш дуьйцура радиус. Кестта хелхаран эшар а йолайелира цхьа безамехьа хаза. Баба ӏен а ца йелла хелхаран го тасан йуьйлира. Мел самукъне дара кхаьргахь хӏинца.
Чуьра шаверг а араваьлча, кӏант-м вара чӏогӏа шен садууш. Оццул жимчу радиуна чохь оццул дукха адамаш муха тарло, ца кхетара и. Шолгӏачу дийнахь массо а чуьра араваьллачу хенахь кӏанта чӏагӏо йира радиуна чохь ӏаш долу адамаш гучудаха. Уьш мел кегийра хилан дезара! Радиуна тӏехьа тоьхначу тӏехь ӏуьргаш долчу унна чу хьийжира и шен ма хуьллу. Тӏаккха ӏен а ца велла доккха урс буйна ийцира цо. Унна тӏехь даьхна ӏуьргаш шордира, амма адамаш карош дацара радиуна чохь. Радиуна хьалха тоьхна горга кӏадина а урсаца ӏуьрг даьккхира кӏанта, амма цу чохь а дийна дегӏ а дацара. И чӏогӏа цецваьлла йекаш йолчу радиуна хьалха а хиъна ӏаш вара, нана чоьхьайолуш.
— Ой, и хӏун ду ахьа динарг! – чӏогӏа оьгӏаза йахара кӏантана нана.
— Нана, оцу чуьра адамаш сох дӏалевчкъина-кх, — шен бала балхийра кӏанта нене.
— Э-э, хьо вала велла, цу чохь-м адамаш даций! Адамаш кхузара генахь ду, Соьлжа-гӏалахь! Ткъа цара дуьйцург токан серашна чухула вайна схьахеза! Аса оццул хала эцна йолу радиу йоха ма йина ахьа, хьо хӏун дан гӏерта! – дов дора кӏантана нанас, амма важа-м вацара кхетан дагахь а.
И йара йуьхьиг. Цул тӏехьа кестта токан стогарш а далийра чу. Кхин а массех шо даьлча дуьххьара телевизорш а гучуевлира нохчийн йарташкахь. Амма дуьххьара радиу шена гича санна самукъадаьлла ца хиллера Сайдӏали цул хьалха а, цул тӏехьа а.