Даима а санна, Ибрахӏим хьалха а волуш дӏатасаделира, салазна тӏаьхьадахна догӏу масех бер. Хьоькхуш маьхьарий а долуш тӏаьхьакхиъина догӏура хийра бераш а. Эххар а уггар а жимаха йолу йоӏ ӏайшат церан керайахара.
— Эхӏ! Оха нускал лаьцна! Оха тхайна дӏадуьгур ду нускал! – маьхьарий хьекхан девлира хийра бераш, ӏайшатна гонаш а туьйсуш.
Хӏинца-м сецира Ибрахӏим а, цуьнца долу бераш а. Буйна некъана дехьа-сехьа ӏохкуш долу тӏулгаш а эцна, оьгӏазен маьхьарий а аьлла чухахкаделира уьш «мостагӏашна». Улло кхочушехь массара а цхьатерра тӏулгаш туьйхира, кхин а, кхин а!
— Дӏахеца, сан йиша! – цӏогӏа хьоькхура Ибрахӏима ӏадийча санна.
«Мостагӏий» цец а бевлла цкъа севцира. «Хӏара ӏовдалаш бегашах хӏунда ца кхета?!» — хаттар дара церан къаьрзинчу бӏаьргашна чохь. Амма цхьанна тӏулг кхетта, цо велхаран мохь аьлча, шаверг а цхьамма омра дича санна дӏабевдира, шаьш лаьцна «нускал» а дитина. Улло а вахна, шен йоьлхуш лаьттачу йишин куьг буйна а лаьцна цӏехьаволавелира Ибрахӏим. ӏайшата-м йуха а йирзина шен мотт а баьккхина «мостагӏашна» гайтира. Дуьхьал вогӏу Сайдӏали цец а ваьлла Ибрахӏиме хьожуш вара. Кӏентан бӏаьргах хин тӏадам буьйжира, цо и сихха къайлаха куьгхьаькхна дӏа а баьккхира.
Ахьмада ма аллара, бӏогӏамашна тӏехула гезган мазош санна серий тесина, массеран а чу балийра шишша сара. Серий чудалорах тоьий, радиуш-м туькнара наха шайн эцан йезаш хиллера. Ткъа уьш мел йеза хиллера – 15 сом!
«Оццул дукха ахча а делла радиу оьцийла дац!» — олуш дӏахадийра бабас, Сайдӏалин чӏогӏа дог а дохош.