— Дагар а дина дӏаделира ахьа?
— Хӏаъ. Пачки чу а дехкина.
Со гӏадвахна велавелира. ӏарби а хьаьжира соьга ца кхеташ.
— Серлоне даккхан мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къевлина ӏаьржачохь стенна дохку суьрташдохуш? — дагадаийтира аса доттагӏчунна.
Хӏинца сол а чӏогӏа воьлура ши кӏант Турпалханас диначух.
— Фотокехат а хьош вагӏача хӏун дар техьа хьо а Иван Архипович волчу? — бегаш бора ӏарбис.
— Мегар ду, цкъа хьалха Турпалханига дагар а дайтина хьура ду-кха, — воьлура со доттагӏашца.
Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш.
ӏуьйрана ишколе со тӏаьхьа ца вуьсуш дӏакхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу неӏарна хьалхха даима а санна тӏехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула тӏехвалан вуьйлира, амма бӏаьрг сирлачу хьехархочо со шена тӏевийхира.
— ӏуьйре дика хуьйла! — олуш улло вахара со.
— Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена даьлла, кестта ишкола чекхйоккхуш экзаменаш дӏайалан дезаш ву хьо. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь ахьа ишкола чекхйоккхура йац. Схьайтал хьайн тӏоьрмиг, — сан тӏоьрмиг буйналоцуш цӏехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.
Дан хӏума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца тӏенисвелла ӏарби, Турпалхан суна улло гӏоьртича, уьш а ишколан чу лаьхкира хьехархочо.
Кисна куьйгаш доьхкина догдоьхна ишколан корашна кӏелхула агӏонца дӏабоьдучу гӏашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан дӏаволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа йуьртана Малижеран агӏора дара. Ринжи тӏе со кхоччушехь, хӏуьттарена санна суна дуьхьала догӏуш дара Малижий, цунна уллоиккхина вогӏуш ӏумарий. Аса тидам бира, шаьш урокашна тӏехьадуьсушшехь Малижийна корта тӏетеӏош сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вогӏура ӏумар вела а къежаш. Йоӏ а йара ишколе сихйалар гуш делахь а, кест-кестта къежаш. Ринжех со араволуш суна тӏеӏоттабелира уьш.
— Салам... ахьа хӏун до? Ишкола цигахь йац хьуна. Тилвелла-м ца воьду хьо? — бегаш бен кеп хӏоттош хаьттира соьга ӏумарас.
— Со айса доьшург дешна ваьлла, дисинарг аша деша, — олуш тӏехвелира со.