Со-м дог доьхна вара, соьга-м ца эккхадалора йоьӏан стигал беса бӏаьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и бӏаьргаш. Суна-м дуьне хаьдда цхьана ӏинах чудахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггар а мерза, хаза мур. Самаха гуш долу гӏан санна йоьӏан бӏаьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу кӏентан дог кхетара ду-кх сох.
Суьйрана малхбузуш со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:
— Хьо хӏун деш ӏуьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалагӏатта! — сан белш дӏасатуьйхира доттагӏчо.
— Хьажал, аса йеъначу фиксаже, вайна мегаш йерг йуй? Бархӏ кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, хӏара ӏ4 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар йуй вайна иза? — суна тӏехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.
— Мичхьа йу и? — хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.
— Хӏара йу-кх, — суна меркӏела йеира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.
— И хӏун йу? — хаьттира аса, суна-м самаха а, гӏенаха а гуш йерг кхин йара, сан доттагӏ ца кхетара.
— Самавала, хӏай накъост. Фиксаж йу и аса вайна эцна, — сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.
— Фиксаж, фиксаж..., — со маьнги тӏехь охьахиира.
— Хьажал ишттаниг мегаш йуй вайна? Ахьа йуьйцург ца карий суна, — ша эцна фиксаж ца магарна кхоьруш вара сан доттагӏ.
Мелла делахь а тхоьгахьчул сов бералла дисинера Турпалханехь хӏинца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех валан хӏинца а гено вар-кх. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан карахь йолчу пакете.
— Мегаш йу. ӏарби мичхьа ву? — хаьттира аса.
— Со-м и волчу чу а ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш, — шен цхьа бехк болуш санна бехказа вуьйлура Турпалхан.
— Мегар ду. Цо-м новкъагӏертар бен кхин гӏо а ца дора, — элира аса.
— Хьан ца до гӏо? Со ца хилчи шу шиъ ван а вац-кх! — шен девнечу озаца дехьачура гучувелира ӏарби самукъне радиотулгӏе санна.
Дегбаам бар, халахетар-м ӏарбина хӏун ду а ца хаьара, амма цӏергахь эчиг санна цӏенваллалца къийсавалан карх-м долура цуьнан.
— Шу шиъ хӏун деш ӏаш ву? Суна хаара, со схьа а веъна аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта ӏийр вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш ца дохуш хӏун деш ду? — чухахкавелира йуха а шен чӏогӏачу озаца ӏарби.