Ша́ цхьаъ, цкъа а ца йо́гӏура Де́ца. Шеца ойланаш, лаза́маш, дагалецамаш, йовхо-марзо йохьура цо. Бакъду, тахана жимма оьгӏазе хетало иза бе́рашна. «Тешна а цхьаъ ца тайна цунна. И цатам а некъаца хиллачух тера а ду цунна» - аьлла хетара царна.
Де́цас дуьйцуш хаьара бе́рашна, цуьнан бе́раллин уггаре мерза ба́хам иза– шекаран коьртах даьхна бӏаьлгаш хилар дуйла.
Цо кест-кеста дага а лоьцура «Сибарехь» йаьккхина хан. Эццахь дуьйна схьа бага марзйо кампет таханле́рачу бе́рашна иза иштта доккха хӏума хета моьттуш а йара иза.
«Пенсо схьадеъне́ра су́на селхана. Хьажал, Де́цас шайна хӏун йеана!», – о́луш кампеташ дӏа́сайоькъура цо бе́рашна.
Царна там хуьллург дора цо. Амма тахана дог-дика Де́ца цхьана аттачу хӏумано дог дохийна йоцийла хууш а, оьгӏаза сиха гӏон долчу адамех йоцийла а хаьара царна. Цундела бе́рашна хаьа лиира тахана шайн Децин синтем бохийнарг хӏун ду хьажа.
«Де́ца, хьуна хӏун хилла? Хьо цхьанна оьгӏаза йахийтина ма хета тху́на?», – хаьттира веши́н бе́раша.
Веши́н бе́рех йоккхах йолчу йоӏа ойланаш кегайора, «кегийрхоша маше́н чохь меттиг ца белла техьа охьахаа? Йа кхуьнан некъ ха́дош хьалхахула дӏабахна техьа?». Садаьӏна меттайеанчу Де́цас ша́ долийра хилларг дийца.
«Бе́раш, гӏуллакх дина даьккхича бен чекхдо́луш дац шуна. Цӏа деш иза дан доло деза. Амма йуьхь а, чаккхе а оцу гӏуллакхан ма-хиллара, гӏиллакхан а хуьлий хаьий шуна?», – хаьттира цо. Цулла тӏаьхьа дийца йолайелира. «Со кхуза схьайо́гӏуш маше́н чу хьалайе́лира цхьа безамехь 17–18 шо хир до́лу йоӏ. Цунна меттиг луш дӏахилира цхьа жима стаг. Иза хаза а дара. Амма йоӏ шина стагана йуккъехь долчу гӏента хаа йезаш нисделира. Нохчийн ӏадатехь нийса дац зудабе́р йа жима зуда божаршна йуккъе охьахаар. Жимстаг-студент ца кхетара оцу бехкамах. Ша́ меттиг йелчахьа́на тоьаш ду моьттура цунна. Тхан Де́цас, Да́ла де́къалйойла иза, дийцина дагадо́гӀура су́на. «Нохчийн гӏиллакхан йуьхь а, чаккхе а хуьлу», – аьлла цхьа хӏума дийцар. Тхан Де́ца зудабе́р хилла советийн