хеттарш дора цо.
– Нана лойла хьан, ӏусман! Хӏара-м муьжги ваций, хьан да вай! – йистхилира иза эххар а. – Цуьнан хьаьжа тӏехулара мо ца го хьуна?.. Ас хьоьга дукха ма бийцира иза…
Ӏусманна хӏинцца гира и мо. Тховса бен, хӏокхарна гуш бӏаьштига тӏе таӏийна коьртахь латтош болу и куй дӏа ца баьккхинера хьешо. Хьала а гӏеттина, ӏадийча санна, ӏеле хьаьжира ӏусман. Тӏаккха, хорша йеача санна, балдаш а, чӏениг а йегийра цуьнан.
– Дадий? Дада! – мохь аьлла, тӏекхетта, иза маравоьллира ӏусмана. – Хьо хӏун деш ӏара хӏинццалц ца вовзуьйтуш? Дада…
Цхьана ханна белхар хӏоьттира цӏа чохь. Ден голашна тӏе йуьхь а таӏийна, къорра воьлхура ӏусман. Шина куьйга корта а лаьцна, ши бӏаьрг цӏенкъа а боьгӏна, охьа а таьӏна, йуха а догӏанха йелха йуьйлира Айза а. Корталин тӏемаг чӏенга тӏе а лаьцна, гӏийлла йоьлхура нус а. Самадевлла бераш, баккхийчара лелочух ца кхеташ, цецдевлла, тапъаьлла тийна ӏара. Веккъа цхьа ӏела вара кийрахь воьлхуш. Цуьнан совцо ницкъ ца кхаьчна бӏаьрхиш, сирчу можа тӏехула охьа а ӏийдалуш, карахь ӏуьллучу кӏентан коьрта тӏе ӏенара.
Къаьхьачу ойланаша лаьцнера ден а, зудчун а, кӏентан а ойланаш. Оцу кхаанна хаьара, ӏела цӏа верзаро шайн хӏусаме ирс ца деанийла. Церан дегнаш вовшах доьзначу гуш доцчу пхенаша дӏасалора кийрахь кӏежтуьйсуш кхехка бала. Велхаро дагна маслаӏат до, амма цо бала дӏа ца ойу. Дегахь а, кӏантехь а болчул тӏех боккха бала шегахь хиллехь а, уггар хьалха саметтайеара Айза. Бӏаьргех ихначу хишна кучан йух а хьаькхна, доккха са а даьккхина, йистхилира иза:
– ӏусман, вай доьлхуш ӏерах гӏуллакх хир дац. Хӏара цӏа веаний хиъча, йуьртара а, арахьара а дукха адамаш догӏур ду хӏокху керта. Хӏинца ша ма-варра хӏара нахана гойтийла дац. Корта а баьшна, маж-мекх а лергина, дегӏ цӏандина, бедарш а хийцина, жимма сибате вало веза. Хӏокхунна тӏедуха, хьайна тӏехь долчул совнаха, хьан коч-хеча а дац, ӏусман. Хан ца йолуьйтуш, ӏабдин туькана а гӏой, хӏокхунна тӏехула а, чухула а духар эца. Ахча ас кхана дӏалур ду. Ткъа ахь, Медана, дехьа цӏа чу цӏе а латайай, цӏа а, хи а дохде. Ас, дӏа а йахана, Дауд схьавоуьйтур ву. Керта-арара дечиг а, кхиерг а йуьстахйаккха.
Кӏант а, нус а сихха араделира.