Дерриг а дуьне ду
къонахчун меха,
Хӏара дуьне-м къонахийн
белшаш тӏехь дай!
А. Сулейманов
Хӏокху тӏаьхьарчу кхаа баттахь инзаре тамашийна ши керланиг хиллера Гати-Юьртахь. Массара а велла, доьза вайна лерина, дог диллина ши стаг цӏа веанера Сибрехара. Ткъе ворхӏ шо даьллачул тӏаьхьа Хортӏин Овхьад а, ткъе берхӏитта шо даьлча, Абубакаран ӏела а. Мелла а къона Овхьад дийна цӏа верзарх-м башха цец а ца бовлура нах, тамашийниг къена ӏела цӏавар дара.
Кӏеззиг хилларг а, кога долий, сиха даьржа нохчашлахь, миччахула деъна а, хьаьнггахула арадаьлла а, ца хууш кхарста долу. Шолгӏа де делкъанга долуш, гондӏарчу йарташкахула даьржира доьза вайна, массара а велларг лерина къена ӏела цӏа веана боху хабар. Иза массо а цецвоккхуш керланиг дара. Къаьсттана мотт-эладитана сутарчу адамашна. Ӏела цӏа веана, ткъа цуьнан зуда кхечухьа марехь йу. Цуьнан ши майра ву хӏинца. Адамашна дуьйцу хезна хӏума дуй ткъа ишттаниг? Айзас хӏун дийр ду-те? Ӏелин а, Ахьмадан а йукъаметтиг муха хир йу-те?
Догцӏена, дика нах гӏайгӏане а лаьцнера оцу гӏуллакхо. Оцу шина стагана йуккъе хӏоьттина хьал, цаьршинна йуккъе мостагӏалла дожа тарлуш, кхераме дара. Иштаниг ца хилийта некъ лоьхура цхьаболчу наха.
Гуш чаккхе йацара ӏела волчу оьхучу адамийн. Кхуза богӏура генара а, гергара а, гӏаш а, говрашкахь а. Шайн хьоле, аьттоне терра, совгӏаташ а дохьуш. Дакъийнчу жижиган коржамаш, йоьхьаш, кедаш чохь ахьарш, даманаш, кхоьаш, гӏабакхаш. Хӏоранна а лаьара къечу ӏусманна шайн ницкъ кхочу гӏо дан. Цуьнан таро ма йацара шен керта лестало сила долу адамаш, кхачанах а кхоьтуьйтуш, дӏадерзо.