йаьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас дог диллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду бохучух.
– Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цӏа ца хийцира хьо?
– Хӏан-хӏа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цӏа верза бакъо ца лора. Хӏунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, ӏаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хиллачу нохчийн гӏаттамо йахйирий-те, моьтту суна, цигахь сан хан. Мосазза а вада гӏоьртира со, амма хӏоразза а, схьа а лоций, хан тӏетухура. Тӏаккха, къанвелча, маршонах дог а диллина, цигахь вала сецира. Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь цхьа шатайпа тутмакхаш кхийла болийра со волчу. Царах революционераш олура. Вуьшта аьлча, паччахьан ӏедална дуьхьал нах бара уьш. Со цига муха кхаьчна а, муха ӏаш ву а хиъначу цара, сан гӏайгӏа беш, паччахьна тӏекхаччалц аьрзнаш а йаздина, маршаваккхийтира со. Цаьрца вара, Николаз цӏе йолуш, гуьржийн цхьа жима стаг, цуьнан хан чекхйалар а, со маршаваккхар а цхьаьна нисделира. Шеца цӏа валийна, со Соьлжа-Гӏалахь охьа а воссийна, Гуьржех вахара иза. Хӏинца со шуьца цӏахь ву. Иза ду-кх, доцца дийцича, ас лайнарг.
– И гуьржи хьайца схьавало везаш хиллера ахь, ӏела. Вай хьошалла дийр ма дара цунна, – элира Янаркъас.
– ӏойла дацара цуьнан. Хетарехь, даккхий гӏуллакхаш вовшахдетташ бу уьш цигахь. Амма цо дош-м делла шен аьтто баьллачу хенахь хьошалгӏа ван.
– Ткъа и ахь буьйцу тамашийна цӏе йолу тутмакхаш хӏун нах бу, ӏела? – хаьттира Янаркъас.
– Уьш хьекъале, майра, догдика, доьналле адамаш ду, Янаркъа. Паччахьна а, хьоладайшна а дуьхьал бу уьш. Хӏинцца хӏокху Овхьада дийцинарг дуьйцура цара а. Паччахьан, хьоладайн ӏедал мел ду, халкъашна маршо хир йац, Россехь дехаш долчу дерриг а къаьмнийн къехой, маршо йезарш, цхьабарт болуш, цхьа вежарий а хилла, хӏокху ӏедална дуьхьал гӏовтта беза, тӏаккха бен халкъашна маршо йаккхалур йац, бохура цара. Паччахьера, хьолахошкара ӏедал схьа а даьккхина, иза халкъан кара дала, адамашна, къаьмнашна йуккъехь цхьа а дов, тӏом ца хуьлийла, уьш цхьа доьзал санна машаре, бертахь, маьрша дехийла, лаьа царна. Цундела ӏедало, схьа а лоьцуш, набахтешка кхуьйсу, Сибрех лоьхку уьш.
Йуха а хьалхалерниг долалуш доллийла хиъна,