берех а воккхавеш, со вехар ву. Хӏинца со гуш ву-кх хьуна. Дегара охьа оха цӏийца, хьацарца гулдинарг а, церан дуьхьа ас къахьегна сан доьзалш а масех минотехь Терко дӏахуьйди. Сибреха ткъе берхӏитта шо а даьккхина, цӏа веача, зуда маре йаханчу а кхаьчна, хьо цунах сингаттам хилла лелаш ву бохуш, хезна суна. Ахь ойла йича, хьо санна даккхий вонаш тӏедаьхкина, собаре хилла ӏаш дукха нах карор бу хьуна. Тӏаккха хуур ду хьуна, хьайна тӏедеанарг хӏумма а доцург дуйла. Хӏан, сайн дагна маслаӏат лоьхуш, ас дукха бага йитти, хӏинца дӏагӏо.
Баккъал а, Мусхина хиллачу бохамашка хьаьжча, ӏелина хилларг хӏумма а доцург дара. Ӏелас-м шениг, чолхе а ца доккхуш, къонахчо санна, дӏадерзийнера. Амма мел цо дуьхьало йарах, цкъацкъа шайтӏано дог карзахдоккхура цуьнан. Зуда маре йахар доккха эхь ма ду. Цул-м ӏелина валар гӏоле ма йара…
Паччахьан заманахь Къилбаседа Кавказехь ӏаламат чолхе политически хьал дара. Кхузахь, цхьана агӏор, шайн долахь шортта латта а долуш, ӏедало йерриг бакъонаш а йелла, шайх «помещик-халкъ» ала мегар долуш, гӏалагӏазкхий бара. Вукху агӏор, латта а, цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, ламанхой бара.
Кавказехь туземни бахархойн экономически хьелаш галдаха дуккха а болх бина вай, амма царна йукъахь дешар а, ӏилма а даржорехь цхьа гӏулч а ца йаьккхина.
Нохчийчоь къарйинчул тӏаьхьа и акха нохчий дешарна а, ӏилманна а, культурина а тӏеберзо цхьа а тайпа хӏума ца дина оьрсаша.
1 апрель. Буьйсанна шен кха тӏехь волу гӏалагӏазкхи Максимов Иван вийна. Зуламхойн лар Гуьмсан махка тӏе йахана.
19 октябрь. Стерчийн ворданахь кха тӏера цӏа вогӏу 85 шо хенара гӏалагӏазкхи Стрельцов Иван а, цуьнан йоьӏан кӏант Руднев Захар а вийна нохчаша. Цаьршиннан декъий, дага а дина, ӏаьржа-хи чохь карийна, Цоци-Эвлан махка тӏехь.
1 ноябрь. Говрашкахь веанчу итт нохчочо, Саенко Иванан жаӏушна тӏе а летта, 300 уьстагӏ бигна. Зуламхойн лар ӏаьмар-Хьаьжин-Юьртан махка тӏехь сецца.
18 декабрь. Ворданашкахь Соьлжа-Гӏалара цӏа вогӏучу итт