Хӏуъа дина а, нохчий цига ца бохуьйтуш, совцо безара. Вуьшта а сийсазе дукха цӏерш техкина нохчашна. Царна тӏе йолахой, чаьлтачаш боху эхье цӏе йоккхуьйтийла дацара. Уьш ца бигийта, гӏалара белхалой гӏовтто безара. Теркан областерчу кегийчу къаьмнашна тӏера Пачхьалкхан Думехь депутат ву Эльдарханов Таьштамар. Цунах а, кхечу накъостех а дагавала а везара иза.
Керлачу законаца йуьртан урхалла харжа веана пурстоп Хамов йуьртден Саьӏадан хӏусамехь хьевеллера. Амма майдана гулбеллачу нехан хӏумма а са ца гатлора. Сарралц кхузахь ӏийча а, кхачалур доцуш, дийца дуккха а керланаш дара церан. Барт бича санна, хӏора тобано, декъна, цхьацца дуьйцура.
Цхьанхьа лаьттачара дуьйцура обарго Зеламхас шен мостагӏ, хьалха округан начальник хилла Добровольский а, цуьнца хилла эпсар есаул Нецветаевский а верах лаьцна.
Кхечухьа – оьрсийн-японски тӏамера нохчийн дошлойн бӏо цӏа берзарх лаьцна. Оцу тӏаме ваханчу кхаа гатийуьртахочух цхьаъ бен цӏа ца веанера. Иза Солтханан Солта вара. Мацах цкъа оьрсийн-туркойн тӏаме вахана шен да санна, хӏокху тӏамехь шен аьрру пхьарс а битина веанера Солта. Бакъду, тӏамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Солтина, мидалан меттана, жӏар йеллера. Амма цо иза цкъа а некха тӏе ца уллура. Керстанаша шайн Делан метта лоруш ма йу иза.