Харжамаш хинболу де, оха билгал а дина, шуьга дӏакхайкхор ду. Тӏаккха ша схьавогӏур ву, боху пурстопа. Цул совнаха, хӏара галдаьккхинарш муьлш бу а хаьа шена, царна ӏедалехь догӏу таӏзар дийр ду ша а, боху. Хӏинца шайн-шайн цӏа дерза!
– ӏабди бакълуь! Мудар! Хьайн накъосташца цӏехьа йахийта ахьа!
– Хьуьса! Панта-Хьаьжа! Йухаверза ший а! И нах а совцабе!
– Харжамаш бар хир дац тахана, Бӏаьштаг, – соцунгӏа а хилла, вистхилира Панта-Хьаьжа. – Барт боьхна вайн. Цундела хӏокху йуьртара ийман-беркат дӏадедда. Пурстопа бохург дичахьана довлу вай. Инарла! Чӏонакъа, дӏадуьло!
Саьӏадгӏеран тобанах ах бӏе гергга стаг майданара дӏавахара.
– Вай хӏун де, Овхьад? – хаьттира Бӏаьштага. – Вай а цӏа доьлху йа харжамаш бо?
– Вай вешан йуьртан урхалла хоржур йу-кх. И ткъех стаг дӏавахарх, вайн галдала хӏумма а дац. Хьайна гӏо дан а, кхаж тасарна тӏехь тергам латто а кхо-виъ стаг а къаставай, кхаж тасарна кечам бехьа, Бӏаьштаг. Аш и кечам бешшехь, ас нахе цхьа масех дош а эр дара.
– Ладогӏал, нах! Овхьаде ладогӏал!
Кӏез-кӏезиг туьйш, дӏатийра нехан гӏовгӏанаш.
Шен салташца пурстоп а, шайга кхардаме хьоьжу и масех хьолахо а, церан бартахой а майданара дӏабахча, цхьа боккха, беза мохь гира охьатесча санна, паргӏатбевлла, садаьӏира кхузахь бисинчу наха.
– Бӏаьштаггӏара кхажтасарна кечам бешшехь, шуьга цхьа масех дош ала лаьара суна, – даим санна, парггӏат къамел долийра Овхьада. – Нохчийн уггар тоьллачуьра ах мохк гӏалагӏазкхашна дӏабелла оьрсийн паччахьо. Цул совнаха, Нохчийчоь дӏалоцучу хенахь вайн халкъана йамарт а, ткъа шена тешаме а хиллачу вайнахах бевллачу цхьацца эпсаршна а, совдегаршна а, динадайшна а совгӏатана латта дийкъира оьрсийн паччахьо. Хӏокху Нохчмахкарчу итт йуьртан доллучул латта ду царах хӏораннан а долахь. Нохчийн хьолахошна делла латта-м хӏумма а доцург ду, паччахьо вайн луларчу къаьмнех схьабевллачу элашна деллачу лаьттаца дуьстича. Оцу иттех элана паччахьо делла нохчийн латта Нохчмахкарчу бахархойн долахь долчул маситтаза алсам ду. И вешан дайн латтанаш гӏалагӏазкхашкара а, элашкара а, вешан хьоладайшкара а, безза мах а луш, цхьана ханна цаьргара оьцуш йа йукъахь леладо вайнаха.