Тахана оха бинчу харжаман тӏаьхье беркате йелахь. Хӏокху йуьртарчу наха, тхох тешна, къастийнчу тхуна уьш а, тхо царна а муьтӏахь делахь. Тхох тешначу хӏокху йуьртарчу адамийн ийманехь барт бан, царна йукъахь нийсо йан, уьш керстан ӏедалан харцонех, йамартлонех ларбан, массо а зенех-зуламех ларбан тхуна хьекъал, кхетам, собар, ницкъ лолахь…
– Амин!
– Аллахӏу амин!
– Хӏара керста ӏедал тхуна муьтӏахь делахь. Тхан дегнаш, ойланаш хьагӏ-гамонех, харцонех, йамартлонех, хьарамлонех ларйелахь. Хьо реза воцург дан шайтӏано тхуна дагадаийтахь, тхан куьг-ког йухаозалахь, тхан бӏаьрса дӏаэцалахь, тхан меттанаш совцаделахь, тхан лергаш къарделахь…
– Амин!
– Къинхетам белахь, йа Аллахӏ!
– Йа Аллахӏ, хӏай къинхетаме Дела, тхо керстан балех кӏелхьардахалахь. Керстан ӏедало махках баьхна, балехь болу тхан дай, наной, йижарий, вежарий, доьзалш могаш-маьрша цӏа берзабелахь, уьш а, тхо а керстан балех ларделахь, тхоьгара гӏайгӏа-баланаш дӏаэцалахь. Хӏокху йуьртахь а, махкахь а ийман-беркат а латтаделахь. Оха ца кхеташ дийлийтинчу гӏалаташна, летийнчу къиношна, тхох къинхетам бай, гечделахь. Тхан дахар а, далар а ийманехь хилийталахь, ийманехь нисдай, тхан дуьне а, эхарт а декъалделахь…
– Амин!
– Тхан гӏийлачу доӏина жоп лолахь, йа Аллахӏ!
– Хьайн маликийн, пайхамарийн, эвлайаийн орца лолахь!
– …Фатихьа!
Доӏа чекхдаьлча а цӏа баха сиха бацара нах. Цара забарш йеш, боьлуш, кегийра тобанаш йина къамелаш дора. Уьш баккхийбера тахана шаьш баьккхинчу жимачу толамах. Хӏокху маситта шарахь тахана дуьххьара царна хьалха йухабевллера пурстоп а, йуьртара хьолахой а. Ткъа тӏаьхьалонан цара ойла а ца йора…
***
8 май. Соьлжа-Гӏалара Кахановске цӏа вогӏу совдегар-урядник Бычков Кирил а вийна, 229 соьмана цуьнан товар даьхьна. Лар Мескер-Эвла йахана.
17 июнь. Ахархо Лысенко Степан вийна нохчаша, лар Мескер-Эвла йахана.
15 июль. Шен кха тӏехь болх беш волчу Коваль Николайна чевнаш йина кхаа нохчочо. Лар Гуьмсе йахана.
2 август. Мелчу-Хина уллохь Кахановскера гӏалагӏазкхи Недошевин Степан а вийна, цуьнан 963 сом ахча даьхьна нохчаша.