йуьйцу ца хезна суна.
– Тӏеман тӏаьххьарчу шарахь йагийна иза, йуха метта ца хӏоттийна.
– Толлур вай. Вина шо?
– 1860.
– Да-нана дуй хьан?
– Дац.
– Вежарий, йижарий?
– Бац.
– Гергара нах мичахь бу?
– Хаац. Тӏаьххьара гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа царах хилларг хаац суна.
Хьаьжайукъ хабийна, пхьидачарех тера шен ши бӏаьрг некъахочунна тӏебуьйгӏира подполковника:
– Аьшпаш бутту ахь, господин Хортаев. Хьо Теркан областан махка тӏе ваьллачу дийнахь гулбина оха хьох лаьцна хаамаш. Хьо Хортаев Овхьад Хортаевич ву, Гати-Юьртахь вина. 1877-чу шарахь пачхьалкхана дуьхьал хиллачу мятежан уггар а жигарчу коьртахойх цхьаъ ву. Уьш къайладаьхна ахь. Кхузара ведда Гуьржех вахчахьана, ахь дӏа мел баьккхина ког хаьа тхуна. Йуьхьанца Хевсуретехь ваьхна, тӏаккха Тифлисехь халкъан ишколехь хьехархо хилла. Цигарчу крамолечу тобанан декъашхо лаьттина. И тоба йохийча, ведда Баку вахана, мехкадаьттан промыслашкахь болх бина. Белхалойн цхьана стачкин куьйгалхо волуш, полицица тасадаларш хилча, жандармский эпсар вийна ахь. Иза бахьанехь итт шо каторгехь, итт шо ссылкехь йаккха хан тоьхна хьуна. Ссылкехь социал-демократашца зӏе латтийна ахь. Хьо Соьлжа-Гӏала кхаьчча, кхузарчу социал-демократашца уьйр таса а гӏоьртина хьо. Хьайх лаьцна и хаамаш къайлабаьхна ахь, господин Хортаев. Амма тхуна ца хууш цхьа а къайле йисац.
– Хӏинца и хаамаш цхьана а маьӏне бац, господин подполковник. Кхузахь ӏедална дуьхьал хиллачу гӏаттамехь ас дакъалаьцначул тӏаьхьа ткъе ворхӏ шо даьлла. Ткъа Бакохь сох баьллачу бехкана ас ткъа шо хан йаьккхина Сибрехь.
– Ткъа ахь крамолечу социал-демократашца уьйр латтор?
– Цхьа а зӏе ца хилла сан цаьрца. Тхо цхьанхьа ссылкехь дара. Цхьаьна дехаш хилча, вовшашца уьйр хилаза йисац.
– Хьовсур вай, – эндаже велакъежира подполковник. – Областехь чолхе хьал ду. Къаьсттана кху округехь. Къайлах-къулах адам карзахдоху социал-демократаша. Нагахь санна хьайн хьалхалерчу новкъа ахь цхьа ког баккхахь, хьуна луьра таӏзар дийриг хилар дӏахоуьйту хьоьга. Кхидӏа хьан вахар Гати-Юьртахь йа ахь къастийнчу цхьана йуьртахь хир ду. Цигара дӏасавалар пурстоьпан бакъонца хила а деза хьан. Хаттарш дуй?