доттагӏ, накъост ма лаца. Цигахь керстанаша кечбина кхача баа, церан хӏусамашкахь охьабийша ца беза уьш? Вайн къам хӏаллакдарна, вайгарчу бохамашна, вайгарчу ӏазапана уггар хьалха бехкенаш и оьрсийн хьолахой ма бу. Шен мостагӏчун йалхо, лай хуьлучул, доьзалца цхьаьна мацалла валар гӏоли ма йу!
Хӏорш бӏаран ӏиндагӏехь белахь а, малх гӏушлакхе мел гӏоьрти, йохлуш, тов хьийзара хӏаваэхь. Соип-Молле ла а доьгӏуш, беша бӏаьрг туьйхира Овхьада. Беш йоккха йацахь а, хилла а, хила бос кхетта а ӏежаш, хьорматаш, туьркаш, шапталш, кхин дуккха а стоьмаш дара луьстта кхиийна. Бешан цхьана маьӏӏехь тӏехула поппар хьаьхначу тускарш чохь масех никх а дара.
– Тамашийна амалш йу вайн, Овхьад, – шена ӏаьткъинарг дуьйцура Соип-Моллас. – Бусалба дино хьарам дина нехан рицкъа а, хьакъ а, къола дина, шен дола даккхар, цунах пайдаэцар. Дуьненахь иза дӏа ца такхахь, кханалерчу Къематдийнахь Далла хьалха а, оцу рицкъин дена хьалха а жоьпала хир ву бехкениг. Дала, шен бакъо йац, боху цунна иза гечдан. Мацалла леш велахь а, нехан рицкъа тӏе куьг ма кховдаде, боху Дала. Иштта кӏелвисинчу стагана гӏо дар тӏедуьллу цуьнан гергарчу нахана. Нагахь санна гергарчу нехан цунна гӏо дан ницкъ бацахь, йа цуьнан гергара нах бацахь, и декхар йуьртана тӏедожадо. Цхьаьнггара а гӏо доцуш висахь, сагӏа деха, боху. Амма къола ма де, боху, хьо мацалла леш валлахь а. Ткъа вай, нохчаша, хӏун до? Къийвелларг сагӏа деха ара ца волу, къола а, талораш а дан араволу. Дуьненарчу дерриг а къаьмнаша, массо а заманахь доккха эхь лору къоладар, ткъа сагӏадехар эхь ца лору. Шариӏатехь, боьрша а, сте а ца къастош, ког, куьг а, кхийолу меже а йоккхуш, таӏзар до къунна. Иштта таӏзар дина нохчо гиний хьуна? Ца гина, гур а вац. Цкъа-делахь, вай шариӏато бохург деш дац, шолгӏа-делахь, нохчаша йа эхь а, йа къилахь а ца лору къола дар. Нохчийн иллешкахь хестабо Теркал дехьара, салойн аренашкара даьхни а, говрийн реманаш а йалийна нах; ткъа цхьана цӏийнах мацах цкъа сагӏадоьхург ваьллехь, иза тӏаьхьенна а тӏехветта, шун хьенех сагӏа доьхуш лелла бохуш. Цхьана стага зулам дан дагалаьцнийла хьайна хаахь, йа цо зулам деш хьо тӏекхачахь, иза сацаве, боху бусалба дино.