лоьхуш, машаре дахийша шайга аьлча, наха хӏун олу, хаьий хьуна?
– Дера, хаьа. И оьрсий вайн мостагӏий бу, вайгара дӏабаьккхинчу махка тӏехь бехаш бу, церан ӏедало вай лолле доьхкина, вай ӏазапехь дахкош ду, вайгарчу къеллина, мацаллина уьш бехке бу, царна къоланаш деш, талораш деш ца даьккхича, тхан доьзалшна рицкъа дац, оха царах оьцург бакъонца бекхам бу, олу-кх.
– Хьуна-м дерриг а хууш ма хилла! – велавелира Соип-Молла. – Цхьана агӏор, цӏена бакълуьй и нах. Амма и къоланаш а, талораш а дийриш миска нах ма бац. Къен-миска нах шайн цӏахь ӏаш бу, лаьтта тӏехь болх а беш, шайн доьзалш халла хене а бохуш. Къуйн а, талорхойн а дика герз а, говраш а йу. Уьш шайн доьзална гали йалта лачкъо ца боьлху. Даьхни, говраш лахка, почта, некъахой тало боьлху. Герз а, говраш а йолчарна, могаш а, къона а болчарна, къола деш а, талораш деш а, шайн доьзалшна рицкъа карор дара. Ишттанаш дукха ма бац. Ткъа къолах баха, талорашка баха герз, говраш, могашалла йоцчу къеначара, зударша, бераша, и аьттонаш шайн хилча а, къола дан, талораш дан Делах кхоьручара, эзарнаш нохчаша хӏун дан деза? Хӏаъа, ӏедало, вайгара уггар дикачуьра мохк дӏа а баьккхина, цига баха охьаховшийна гӏалагӏазкхий. Нохчашкахь мацалла а, лаьттан къелла а йу. Оьрсийн ӏедал къиза а ду, цо нохчийн халкъана тӏехь харцонаш а лелайо, иза ӏазапехь а далладо. Со а ма вац и оьрсий а, церан ӏедал а хӏокху вайн махкахь дезаш. Нехачул тӏех бу сан цаьрга цабезам. Амма вай оьрсашна къоланаш дарах, церан хьаькамаш байарх, оьрсий кхузара дӏабевр ма бац, паччахьан ӏедал а дӏадер ма дац. Оьрсашна дина зулам нохчашка шайгга ма токхуьйту. Гӏалагӏазкхашна динчу къоланан лар, дукхахьолахь, кхузара дӏа гена йоцчу Мескар-Эвла а, Цоци-Эвла а йогӏу. Тӏаккха ӏедало, и къуй а, талорхой а бахьана долуш, оцу шина а йуьртара цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзадо. Оцу цхьакӏеззигчу нехан зуламаш бахьана долуш халкъана бохамаш бо, цара дина зулам йарташка бӏозза алсам токхуьйту, нах лоьцу, Сибрех хьийсабо, ӏедало халкъана беш болу ницкъ кхин тӏе а алсамбоккху. Хьалха ас ма-аллара, и зуламхой ваьш совцо а, ӏедале дӏабала а, ткъа ӏедало уьш дӏалецча, бехке беш, царна тоьшалла дан а ца