Цхьацца адамаш оьздангаллех духу, амма халкъ цкъа а ца духу.
Ю.Фучик
Гуьмсе станцера меттахйаьлла цӏерпошт, цхьа хан йаьлча, цӏогӏане мохь а тоьхна, Соьлжа-Гӏала йуьйлира. Иза Устаргӏардойн-Эвлах тӏехйаьлчахьана, вагонийн неӏаршка а гулбелла, вовшашна тӏеттӏа а теӏаш, арахьуьйсура Россе бига Соьлжа-Гӏала дӏагулбеш болу нохчийн йолахой. Цхьа бутт хьалха и ши бӏе нохчо, цхьаммо шу Россех-м хьовха, Соьлжа-Гӏала гӏур ду шайга аьлча а, цецбевр бара. Йуьртахь цхьаьнаэшшара дӏаоьхура церан дахар. Дийнахь – болх, суьйранна – пхьоьха, буьйсанна – кегийрхошна синкъерам. Йа лула-кулахь цхьаьнакхетий, цхьацца дуьйцуш, буьйса йацйора. Хӏора дийнахь а – и цхьаъ. Наггахь луларчу йарташка дикане-воне а боьлхура. Йуьртара цхьаъ Соьлжа-Гӏала йа Гӏизларе вахана веача, цунах тамаша беш, цецбуьйлуш, цуьнга хеттарш деш, цо дуьйцучуьнга ладоьгӏуш ӏара. Оцу шина бӏе стагах цхьанна а ца моьттура шена цӏерпошт гур йу а, ша цунна тӏехуур ву а, хиъча, иштта гена, ца бевзачу махка гӏур ву а. Амма и декъаза нах доьзалех а, йартех а, махках а къастийнера къизачу къелло, доьзалшкарчу мацалло.
Топ буйнахь вагонан неӏарехь лаьттачу салтичунна улло а хӏоьттина вогӏура Мудар. Цхьа сахьт хьалха Гуьмсехь меллачу чагӏаро бохбина корта шелбаларе терра, кийра бузура цунна цкъа а ца хаабеллачу цхьана башхачу сингаттамо. Цӏахь бисинчу доьзална сагатдалар а дацара иза. Вагонийн чкъургаша «даркх-даркх, даркх-даркх» бохуш дечу цхьанаэшшарчу татанаша дог огура цуьнан. Генна тӏаьхьа йеха аса йуьтуш, цӏерпошто туьйсучу ӏаьржачу кӏуьро а, агӏор йеттачу йовхачу ӏаьнаро а шен садукъдеш хетара. Ткъа сингаттам тӏеттӏа алсамбуьйлура чкъургаша мел боккхучу гонаца. Мел иза ца хьажо гӏертарх, цуьнан ши бӏаьрг хьаьвззий тӏебоьрзура къилба-малхбалехьа тӏаьхьайуьсучу лаьмнийн ӏаьржачу раьгӏнашка.
«Цӏахь ӏийнехь тоьллерий-те суна? – дагаиккхира Мударна. – Сайца новкъа бевллачу нехан санна, боккха доьзал а ма бац сан. Хӏун хир ду-те соьх? Суна-х оьрсийн мотт а, йозанан цхьа элп а ца хаьа. Шайн дена неӏалт хиларш, Саьӏадгӏар ма бу со хӏокху новкъа ваьккхинарш…».
Хӏаъа, цара хаздира Мударна стражникашка йазвалар. Цига воьдург шовзткъе йалх туьма ахча а, духар а, говр а ло хьуна, цигахь