– Гой шуна и дӏогахь лаьтта салтий? – цаьргахьа куьг тесира къамелахочо. – Тхо кхузара дӏасалахка, оха дуьхьало йахь, тхуна тоьпаш тоха, тхо дайа балийна уьш. Амма оцу салташа, Россехь массанхьа санна, дуьхьало йо шайн вежарийн цӏий ӏено. Цундела дуьгу шу Россе. Хьолахой, церан бахамаш ларбан, маршонехьа гӏевттинчу оьрсийн белхалойн а, ахархойн а цӏий ӏено. И эхье чаьлтачан декхар кхочушдийриг ахча делла шуна. Вежарий-ламанхой! Шун майрачу, оьздачу къомах цкъа а ца бевлла йолахой, чаьлтачаш. Паччахье, хьоладайшка шаьш ма ӏехадайта! Ахчанах ӏехалой, шайн къоман сий ма бехде! Цул мацалла далар гӏоли йу шуна! Соьлжа-Гӏалин пролетарис, бохамехь шун вежарша, оха доьху шуьга шайн йарташка йухадерзар! Декъала хуьлда революци!
Адамийн тобано тоьхначу тӏараший, маьхьарший лергаш къардира Мударан.
– Декъала хуьлда революци!
– Дӏадаккха паччахьан ӏедал!
– Дӏабаха хьоладай!
– Декъала хуьлда маршо!
Адамийн маьхьарий дӏатийра, оццу оьрсичо куьг хьалалаьцча. Тӏаккха вистхилира Овхьад.
– Нохчий! Хӏокху суна уллохь лаьттачу оьрсийн белхалочо шуьга дина къамел шеггара дац. Хӏокхо и къамел дина кхуза гулбеллачу а, схьабахказа бисинчу а гӏалин белхалоша тӏедилларца. Хӏокхуьнан къамел, цхьа дош тӏе а ца тухуш, кӏел а ца дуьтуш, ас гочдийр ду шуна…
Овхьад къамел дан волавелча, цхьа масех минот хьалха ша цунна оьгӏазвахарх дохковелира Мудар. Кхуза гулвеллачу масех эзар стага шайна йукъара къамел дан къастийнчу оьрсичух а, нохчочух а цхьаъ Мударан йуьртахо ву. Овхьад майра а, хьекъале а, оьзда а, доьналле а стаг вацахьара, цара къастор ма вацара иза.
«Саьӏадгӏар, Хьуьсигӏар хӏун йу Овхьадана хьалха? – бохура цо ша шега. – Коӏанаш! Марцарш! Хӏара дуьне деса ца дита Дала кхоьллина кӏиллош. Хӏетте а Овхьада бохург ца дира ас, Саьӏадгӏарга ӏехавайтира. Дӏовш хиларг, и малар ду со дакъазаваьккхинарг».
Маларх ваставелча, дохковуьйлу Мудар ша лелийначунна. Амма тӏаьхьа хуьлу-кх. Хӏинца цунна шех чекх са гора, ша шех кхаьрдара…
– Сан йуьртахо ву иза, – куро кхоссар йира цо, шена уллохь лаьттачу зоьрталчу шоточунна чоьже муьшка а йеш.
– Ахь баккъал бохийца? Хӏай, даьдисарг, и гӏазакойн мотт ма шари лалабо цо!
– Сибрехь ткъе ворхӏ