майданара тоба а стамйелира. Белхалоша дуьхьало йора бӏаьргаш цӏийдина, хьерабевлча санна тӏелетачу салташна а, гӏалагӏазкхашна а тӏулгаш, кибарчигаш, эчигаш, дечигаш – шайна кара мел йеанарг тӏеетташ. Маьӏ-маьӏӏехь тоьпаш йуьйлура, къорра татанаш дора тоьпийн баххаша, хӏаваъ цоьстуш шакарш йеттара шодмаша, тарраша. Коьртах хӏума кхетта говраш, терсаш, тӏехьарчу когаш тӏе хӏуьттуш, карзахъйуьйлура. Оьгӏазе йаппарш, узарш. Чевнаш хилла охьаэгна нах, тергал а ца беш, хьоьшура.
Оцу къематденна йуккъехула Овхьадан тӏаьххьара а дешнаш хезира Мударна:
– Хезий шуна, нохчий! Цхьана махкахь хӏорш санначу мисканийн цӏий ӏено дуьгуш ду шуна шу! Эхь хуьлда шуна цига гӏур делахь!
– Дала хӏаллакдойла шу цига гӏахь! Дала дийна цӏа дерза пурба ма лойла шуна! – тобанна йуккъерчу цхьана нохчочун мохь а хезира цунна.
Масех сахьт хьалха белхалоша, вагонаш хьалхара дӏа а баьккхина, депо чу бигна йай, цӏерпоштан шиний агӏор моггӏара дӏахӏиттинчу салташна йуккъехула схьа а балийна, йуха вагонашна хьалха туьйхира. Цо, доккха тата а доккхуш, вагонаш цӏеххьана йуханехьа тоьхча, галваьлла Мудар, шена уллорчу шоточух ка а тухуш, аркъалкхийтира. Тӏаккха вагонаш хьалха а узуш, цӏогӏане мохь а тоьхна, ӏаь туьйсуш меттахбаьлла, тӏаьхь-тӏаьхьа чехкаболуш, малхбузехьа дӏахахкабелира.
Ша къен велахь а, оцу къелло маларе а марзвина, дакъазаваьккхинехь а, амма шен дегӏан кӏоргехь ламанхо, нохчо вара Мудар. Цуьнан дагах мӏараш туьйсуш, гӏуьттура ламанхойн уггар а оьзда гӏиллакх: цо доьхкура карахь герз доцчу стагана, иза мостагӏ велахь а, дуьхьал герз айар.
«Оцу салташа а, гӏалагӏазкхаша а санна, карахь герз доцчу, дуьхьало йан ницкъ боцчу адамашна йетта дуьгу-кх тхо. Ма доккха эхь ду оха тӏелаьцнарг! Амма хӏун дан деза? Цига ваха цхьана шарна куьг а таӏийна, схьаэцна ахча ас дайъина. Иза ӏедална йухадерзалур ма дац соьга. Ас куьг таӏийна кехат полконакехь ма ду… Хьалха цӏерпошт сецначу станцехь охьа а воьссина, ведча? Тӏаккха а, схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ма ву…».
Ша-шена оьгӏазъоьхучу Мудара, ата санна, цергаш хьакхийра, цо къевлинчу буйнашна керайуккъехь дилхех чуйиссира пӏелгийн мӏараш.