арадаьккхича санна, сингаттаме тийналла хӏуттура. Делахь а, вер-ваккхар ца хилчахьана, важадерг ловра наха. Амма доьзалан дена ша валар гӏоли хетара, шен хӏусаме хӏара ӏаьржа ун хӏуттучул. Полковнико нуй хьоккхий дӏахьора пачхьалкхан налог такха аьтто боцчу нехан бахамаш. Таӏзархой чекхбевллачу йарташкара божалш, гӏотанаш, кӏаранаш йассалора. Сатосуш кхайкха нӏаьна а ца йуьсура. Гӏалагӏазкхаша а, салташа а, къамкъаргаш хьийзош кортош а дохуш, йойуш, йуура котамаш.
Ткъа маса доьзал байлахь битина, лецна дай ваханарг йуха ца вогӏучу гена, шийлачу Сибрех а бахийтина. Хӏаъа, да дӏа а воьллина, суьйранна чубирзинчу доьзалх тера йу тховса Нохчмахкара дукхахйолу хӏусамаш. Йуха а, къурд бина, дӏатедина наха ӏедало шайн сийсазбар. Амма хӏара де цкъа а дицдийр дац цара. Царна цкъа а ца дицло шайна дина дика а, вон а. Аьтто нисбаллалц, собаре сатуху, тӏаккха дика – диканца, вон – вонца дӏадоькху.
Нохчмахкара йерриг а йарташ къарйелча а, ӏедална дуьхьало йо Гати-Юьрто а, цунах ун даьллачу луларчу Саьмби-Кӏотаро а, Шал-Дукъо а. Тӏаьххьарчу шимма-м, шайна тӏехула шозза-кхузза йоккха топ тоьхча, шаьш ӏедална муьтӏахь ду аьлла, Галаевна тӏе векалш бахкийтира. Амма Гати-Юьрто, логехь дисинчу чӏеран кӏохцало санна, сагатдо цуьнан. Стомара цунна тӏехула а, гондӏа а йоккхачу тоьпан ткъа хӏоъ а тоьхна, шен омра кхочушдан йуьртана кхо де хан а йелла, Саьмби-Кӏотарахь туп тоьхна, сецна Галаев. Амма гатийуьртахой гучубовлуш бац. Цо хӏоттийнарг Саьӏад велахь а, ткъа баккъал а йуьртда Акхболатов Ахьмад ву. Селхана ӏуьйранна дуьйна сарралц гулам лаьттина цигахь. Амма цара хӏун сацам тӏеэцна, ца хаьа цунна. Галаевс царна йеллачу ультиматуман хан тховса суьйранна чекхйолу. Тӏаккха, шен дош кхочушдеш, йурт лаьттаца нисйан йеза цо. Иза хила йиш йоцург дара. И омра деш а хаьара цунна, ша иза кхочушдийр доцийла. Кхийолу йарташ а санна, хӏара а кхеро дагахь динера. Цо хӏетахь ойла ца йинера Гати-Юьртахь вехаш мӏаькваьлла ши бунтовщик хиларан. Абубакаров ӏела а, Хортаев Овхьад а. Царна тӏе карзахе, къармазе Солтханов Солта а. Воккха стаг-м тийна-таьӏна хан йоккхуш вара. Иза йуьртан гӏуллакхашна а,